Д1аваха хьоменаг, генна соьх волуш...
Д1а ваха сан даг чохь, шийла вас йитина...
Ас йина хьай ойла, д1а тесна йаржи ахь...
Дийцина хаз хабарш, сан коьрте гул дина...
Со оьшу моьтитуш, санн ойла 1ехи ахь..
Хьой вези хаъ делча, кур вели техьа хьо...
Сих вели хьо ала, ца оьшу дешнаш...
Хьу ирс хьа хир ду те, жима дог 1овжича...
Хьумма дац хьоменаг, хьар дуьне хьийзаш ду...
Кхочар бу хьоьга, ас лайна бала...
Т1акха хьо кхетар ву, муха со йаьхна...
Мел декъаза, ойланаш сан даго йина...
Ма моттлахь хьоменаг, хьа карах леш со ю...
Ма моттлахь ирс доцуш дахарехь йисарна...
Новкъа дац хьуна, ахь со йитарна...
Новкъа бу хьуна, ахь бина тешна бехк...
Бехк боц чохь, бехке ю ахь суна бах