Харцоно ц1е тесна, хийла хьо ягарх,Нохчийчоь ца йоьжна —г1аьттина яха.Кавказан ткъес хилла —маршонан ага, Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.Барт болу хьан къаьмнаш— мах боцу беркат! -Хьо йоцург Нана яц,нохчийн халкъ хьаста. Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь Декъалдар доьхуш ду,Далла беш хастам.Башламан баххьашка дайн синош дуьссу, Органан тулг1ено ненан мотт буьйцу.Исбаьхьа совг1ат хьо,азаллехь делла -Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг! Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,Халкъаца лерам бар кхаъхуьлда хьуна.Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна, Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!