lийра яр со даимна хьан коштlехь йоьлхуш, Хьо бухахь яшорна ца кхерахьара. Мохь тухар бара ас,сайн бала балхош,Хьо бухахь lадорна ца кхерахьара.Ма ирсе яра со Ненаца йолуш, дош ала, дог эца уллохь и йолуш, Ткъа тахна сан дагчу шийла ша буьллуш,йиги хьо lожалло соьха а йоккхуш. Дог доьхна ойлане йирзича цlехьа, дог хьостуш дуьхьала йолура Нана.Т1къа тахна дог хьаста уллохь хьо йоцуш, сан дог а доьлхуш ду Нана хьоь кхойкхуш.Хийла ахь собахьнехь халонаш лайна, буьйсанна наб ца еш хийла хьо лелла.Везачу вайн Деле ирс суна доьхуш, чот йоцуш ламазаш дина ахь Нана.Нана ма хьалхе дара со хьох къаста,хьан безам,хьан йовхо оьшура суна,Делахь а lожалла сацо йиш яц, Вeзачу вайн Дала хьо декъал йойла !!