ГЕЧДЕЛАХЬ, НАНА
Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна,
Кийра хьан богу те гIалат сох доьжна?
Резаеш, со цIергахь вага ву кийча,
Дог а ду детталуш довхачу цIийца.
Амма го хеназа къежбелла корта,
Халонаш дахарехь лайна ахь шорта,
Нана, хьан дикалла кхачаяц йийцарх,
Дешнашца ларавац безам хьоь бийца.
Хийла сох гIалатло йоьжна а хир ю,
БIаьргех хи даллал дог Iовжийна хир ду,
Делахь а, нана, сох къинхетам белахь,
Дийлинчу гIалатийн хьесап ма делахь.