Баркалла хьуна дог со 1ехаярна! Хьайна ца еззашехь,еза бахарна! Юха а баркалла, сан дог ахь эцарна! Йоцучу цу ханна,еза мотуьйтуш! Хьо везаш лийлира,хьан дешах тешаш! Со 1ехориг хиларна шеко а йоцуш! Къинт1ера валалахь,ас хьой хьийзинехь! Хьан дагна вас еш,ас дош хьайг аьллехь! Мел хилларг,мел хезнарг сай кийра къуьйлуш! Цхьаьнга а дийцина, дог дассо йиш йоцуш! Безамо чахчийна дилхан дог къуьйлуш! Мел лела еза со, сан дагна везнариг?! Со къайла ва яьлчи,ахь сиха ва йицйи! Цкъа веъна а со йолче,га ца г1оьрти! Делахь а х1ума дац,баркалла хьуна! Къинт1ера йолу со,доггах везарна! Ахь кхиниг хьоьстур ю,со дагна йицлур ю! Хьо ваха хуар ву,керлачу нускалца! Делахь а са дагна,хьо ц1а а вицлур вац! Х