Ненан мотт
Я паччахь, я лай ца хоьржуш,
Замано шен мангал хьоькху,
Т1аьхьенийн т1аьхьешна бийца
Сан мотт бу тахна а дийна.
Хир бу и даима бекаш,
Вайн оьздачу халкъо ша лоруш,
Жимчохь вай наноша 1амош,
Т1аккха вай Ненан мотт олуш.
Г1иллакхе оьзда бу вовшашка буьйцуш,
Оьшучохь г1оттуш бу мостаг1а эшош,
Хьостучохь карош бу мерза дош ала
Ша даг чохь г1аттадеш туьйранийн кема.
Сой мел ю дуьнен т1ехь ехаш,
Ехар ю Ненан мотт лоруш,
Бекор бу исбаьхьчу иллешца
Сийлахьчу вайн Нохчийн маттахь!!!