Хьалхалерачу заманчохь цхьана ден кхо к1ант хилла. Ша леш дас шен к1енташка аьлла: — Х1ан-х1а, сан к1ентий! Со вала воллу, цхьана меттехь аса лаьттах доьллина т1орказ ду, цуьнан дог1а х1унехдинчу меттехь ду. Со веллачул т1аьхьа, пхи-ялх де даьлча, кхоь а цхьаьна, и дог1а а даккхий, цу т1орказ чу хьажалаш. Дукха хан ялале да кхетта велла церан. Вежарех лечкъина, жимах волчу вашас вахана т1орказан дог1а даьккхина. Чухьаьжначу к1антана т1орказ чохь карийна сов дезачу механ кхоъ жовх1ар. Царах цхьаъ лачкъа а дина, т1орказ д1а а къоьвлина, тохара санна, дог1а ша хиллачу д1адиллина цо. Пхи-ялх де даьллачул т1аьхьа, воккхах волчу вашас аьлла шен шина веше: — Х1инца схьаэца, вайн дас аьлла дог1а, оц