Борз угIуш
хезначохь
чангIалкхаш цIийзаеш, Къонахий
леллачохь тодакхаш хьийзаеш,
Стогаллин аганахь лайн амалш
техкаеш, ХIун кхане лоьху ахь, сий долу Нохчийн Къам? Йишин
сий дицдинарш эхь- бехках
баьстина, Вешин цIий дитинарш
бахамца хьаьстина, Яхь доьшах
хийцина, эхь даржах доьхкина,
ХIун ларам лоьху ахь, сий долу Нохчийн Къам? Сий долу хьайн
кIентий саз- латтах боьхкина,
Iожалло ларбинарш хьаннашка
лаьхкина, Айкхаллех герз дина,
гамонех гIагI дина, ХIун толам
лоьху ахь, сий долу Нохчийн Къам? Хьарамчу рицкъанах
гIаланаш йоьттина, ГIийланиг,
мисканиг халоне хIоттийна, Хьайн
берех бой дина, хьайн къаной
къарбина, ХIун беркат лоьху ахь,
сий долу Нохчийн Къам? Г