Йокх топ яc ас кхоьссинарг,
Кхоьссинарг ду буьрса дош
И т1ех тилахь гур ду хьуна
Сайн шелтан т1е ас ка хьош,
Шелтаъ т1ехь доьхканц г1од юкъ йихкина,
Маьхьсешн т1оьхул пилгш йихкина
Вертаъ т1е кхоьллина,чола куй тиллина,
Хьор гуш хьан ойла ца г1аттахь илийца
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна
Г1абали 1аьржачу к1ажаршца кхелина,
Йоьхь сибат цкъоц1мийн хьаьркашца лерина
Ловзаргахь, дайшкарчу гиллакхех юьззина,
1ачу цу йо1а, хьан кийра ца бузийнехь
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна
Ахьар сискалх ца вешаш г1аьттинехь
Къамелехь хьайн ненан маттах хьо къахкинехь,
Хьаша да кхачаро хьан даган вас