Маьржа я1, б1аьстенан хена баьццара г1азот басахь курткаш а юьйхина,ша-шах басах юбканаш а юьйхина вай къона мехкарий буьйлабелча,Хазаллин тоха доза доцуш, баханчу безаман лаца урха йоцуш.Дуьрста йоцу говра санна ша-шах т1аьхьа доьду йо1ана дог.Маьржа я1, цхьа хан д1айахана кийрара дог хенан доккха а долуш,д1о йоьдучу хазчу йо1ах б1аьрг кхетча,т1е а вахана даггара дийца хан д1а яьлчи,Кийрарчу къеначу даго ца вуьтуш, баханчу безамах хьулам бина,х1умах къайле йина шен ширчу дагчохь хьулбина безам,Нана яла хьан – ма ч1ог1а бу хьо!