
Язделахь..
Хьо йоьлуш малх санна,
Къегана яйча,
Воккхавеш воьрзура
Генарчу гlала,
Ткъа тахна хьан бlаьргаш
Кхоьлина дайча,
Гlайгlане ойланаш
Хьийза сан коьрте.
Хьоьгара сингаттам
Сайна тlеиэца,
Кийчча ву гlоьнна со
Иэшначохь хьуна.
Даим хьо ирс долуш
Даим хьо йоьлуш,
Самукъне хуьлийла
Лаьар-кха суна.
Къоначу хьан дагна
Хlун цатам хилла, -
Дийцахьа, сан безам,
Ма lехьа, тийна,
Г1елъелла хьо хилча
Хуьлий со-м гlийла
Хьан дог ду даима
Сайчух дlаийна.
Хьо йолчохь дог дуьтуш
Дlавоьду генна,
Дlавоьду юха а
Хьоьга сатийса.
Кехате ладоьгlуш
Лардийр ду денош,
Хьайгара хьал дуьйцуш
Язделахь сихха..
3 комментария
3 класса
Фильтр
загрузка
Показать ещёНапишите, что Вы ищете, и мы постараемся это найти!

