Шайх Хьа́физ Ибн Ахьмад Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Муржиаша олу - Iеса хIуманаша иман гIелдеш а я иман дIадоккхуш а дан цхьа зен дац, я къа динера аьлла цхьа а жоьжахате а гIур вац, цIенна керстаналла динарг бен.
Я царна (муржиашна) гергахь башхалла яц хьуна Iеса хIуманаш лелош волчу бусалба стеган иманний я Абу Бакран а, Iумаран иманний юккъехь.
Я церан иманний, маликийн иманний юккъехь а башхалла яц хьуна (муржиашна гергахь).
Мелхо, царна (муржиашна) гергахь башхалла яц хьуна муъмин стагний, мунепакъ стагний юккъехь а, хIунда аьлча уьш берриге маттаца мукIарло деш болан дела».
[МаIа́рижул-къабу́л, агIо: 3/1194] https://tlgg.ru/adlan_haracho
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев