Здравствуйте вот и вышел мой долгожданный клип прошу подписаться на мой канал поставить лайк оставить комментарий по братски вам не трудно а мне приятно всем спасибо
Такой То
yesterday 19:06
27-гIа хаттар: Хьай доIна жоп дала лаьи хьуна? Жоп: Мархийн бутт кхобучех хила. АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: “АллахIи хIора дийнахь а, буса а лайш бу жоьжахатах хьалха буьтуш, цу хIора лайна жоп лур долуш цхьа доI ду”. [Ахьмад: 7450] -Хьай марха долчу дийнахь, муьлхха хена а башхалла яц АллахIе ахь динчу цхьан доIна жоп луш ду, хIора дийнахь цхьан доIна. https://vk.com/yalsaman
Такой То
yesterday 09:05
26-гIа хаттар: Жоьжахатах хьой хьалха витинчех хила лаьи хьуна? Жоп: Мархийн бутт кхаба. Жа́бир (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: “АллахIи хIора марха достучу сарахь жоьжахатах хьалха буьтуш лайш бу, ткъа иза хIора сарахь а хуьлуш ду”. [Ибн Ма́жахI: 1643] -ХIора сарахь Дала Шен лайшна юккъера хIара сан лайш жоьжахате гIур бац бохуш хьалха буьтуш лайш бу, ткъа хьо мархийн бутт кхобуш ца хилча царна юккъехь хьайна меттиг хир бу
25-гIа хаттар: Ялсамане кхача лаьи хьуна. Жоп: Марханаш кхобуш хила. Хьузайфата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: “Марха долуш валар нис делларг, ялсамане гIура ву”. [Сахьихь ал-Жа́миI: 6224] -Ткъа Дала лайна валар нис долуьту, ша дуьнен чохь дукх лелош долчу хIуман тIехь, ткъа хьо марханаш дукха кхобуш велахь Дала марха долуш, я тIаьхьар марха кхебна волуш валар нис дийра ду хьан, иштта валар нис лохь Пайхамар ялсамане ю бох
24-гIа хаттар: АллахIа Шен Малайкашна юккъехь хьой хьахо лаьи хьуна? Жоп: Марха лаца Iуьйкъан гIоттуш хила. Ибн Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: “Лекх волчу АллахIа а, Цунна Малайкаш а салаваташ дохку, (марха лаца) Iуьйкъина гIовтуш болчарна”. [Сахьихь ал-Жа́миI: 1844] -АллахI шен лайна салават диллар бохург - Шен Малайкашна юккъехь АллахIа и хьах вар ду. -Малайкаш лайна салават диллар бохург - Малайкаш АллахIе цу лайна геч
23-гIа хаттар: Дуьненахь а, эхартахь а пайде хIума дези хьуна? Жоп: Марханаш кхобучех хила. Абу́ Ума́мат ал-Ба́хIиличо (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша элир аьлла: ХIай АллахIан Элча, цхьа омар дехь шега, АллахI шена цунах пайда бийра болуш, Цо элир: “Марханиш кхобийла ахь, цунах тер дерг дан дац хьуна”. [Наса́ий: 2220] https://vk.com/yalsaman
22-гIа хаттар: Пайхамарца хьаж динарг хила лаьи хьуна? Жоп: Мархийн баттахь Iумрат де. Ибн Iабба́са (АллахI реза хуьлда цу шинна) дийцина…АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: “Мархийн баттахь дина Iумрат хьаж санна лоруш ду, я соьца дина хьаж санна лоруш ду”. [Муслим: 1256] https://vk.com/yalsaman
21-гIа хаттар: Хьаж динча санна ял ези хьуна? Жоп: Мархийн баттахь Iумрате гIо. Ибн Iабба́са (АллахI реза зуьлда цу шинна) дийцина…АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: “Мархийн бутт тIе беъча Iумрат де ахь, цу баттахь дина Iумрат хьаж динча санна ду хьуна”. [Муслим: 1256] https://vk.com/yalsaman
20-гIа хаттар: Шарахь марханаш кхебнарг хила лаьи хьуна? Жоп: Мархийн бутт кхаби, цул тIаьхьа хIора баттахь муьлхха кхаъ дийнахь марх кхаба. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) олуш хезир шена аьлла: “Собре бутт (мархийн бутт) кхебна, хIора баттахь кхо марха кхабар - шер марханаш кхабар ду”. [Ахьмад] https://vk.com/yalsaman
19-гIа хаттар: ШахIидийн дарж дези хьуна? Жоп: Мархийн бутт кхаба. Iамр ибн Муррат ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьа стага Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIе веъна хаьттира: ХIун аьлла хета хьуна хIай АллахIан Элча, ас АллахI воцург кхин Дела ца хиларца, хьо АллахIан Элча хиларца тешалла дича, пхи ламаз дича, закат дIа делча, мархийн бутт кхаба кхобуш, цу баттахь буьйсанаш ден йича, хьанах хир ву со? Пайхамар элир: “Бакълуьш болчех а, шахIидех а хир ву”. [Са
Show more
About group
Ассаламу 1алайкум братья и сестры! В нашей группе каждый может поболтать, тему новую создать, На вопросы отвечать, Так что, дорогой участник, Не теряйся, не стесняйся, По активнее общайся, Ведь Ваш голос и ответ, Это наш авторитет. Ищу надежных модераторов?! кто хочет быть ими пишите ватсапе "87782625395" или вличку здесь;)