Шайх Хьа́физ Ибн Ахьмад Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Хьуна хаийла, Элчанна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIаьхьавозуш ерг бен Iамал къобалъеш йоций (цо диннарг дича бен)... Сахьихь долчу шина жайнахь дийцина Iа́ишата (АллахI реза хуьйла цунна), АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «ХIокху вайн балхех доцу керла хIума юкъадаьккхинарг, иза цуьнгара къобалдийр дац». Муслиман риваятехь дийцина: «Вай йина йоцуш йолу Iамал йинчуьнгара иза юхатоьхна ю (къобалйийр йолуш яц)»».
[МаIа́рижул-къабу́л, агIо: 2/546]
-ТӀаккха дуьсуш дерг ша яш йолчу муьлхха Ӏамал хьокъехь ойла яр ду-кх, Пайхамар йина Ӏамал юй техь хӀара аьлла?! Башхалла яц, мовлид дешар хуьлийла иза, я зуькар дар хуьлийла иза, я зеярте вахар хуьлийла иза! https://tlgg.ru/adlan_haracho
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев