«Боккъала а, хьол хьалха а Элчанех кхаьрдинера хьуна, тIаккха царах цабешаш хиллачаьрга кхечира уьш шех кхаьрдинарг».
[Сурат: АнIа́м, аят: 10]
Сийлахь болу АллахIан Элчанех кхаьрдира уьш, тIаккха и кхаьрдинчарна хилира уьш кхардарна бекхам, хIинца ма-хиллара, хастам бу-кх АллахIна, Iаламийн Дела волчу.
Вайн Элча Мухьаммадах кхаьрдинчарна хIара деригге дуьне делхахь а царна хилларг бахьана долуш, АллахIа царна бина бекхам бахьана долуш, амма вай ВаллахIи даккхийдеш ма ду, ВаллахIи вай даккхийдеш ма ду АллахIа чIир эцарна вай Элча Мухьаммадах кхаьрдинчаьргара.
Шеко а йоцуш кхочуш хинйолу чIагIо ю хIара.
«Боккъала а, АллахIца а, Цуьнан Элчанца а мостагIалла лелош берш, уьш бу-кх уггар сийсаза берш».
[Сурат: Мужа́дилахI, аят: 20]
«Боккъала а, АллахIца а, Цуьнан Элчанца а мостагIалла лелош берш сийсазбийр болуш ма бу, царал хьалха хилларш сийсазбарх терра».
[Сурат: Мужа́дилахI, аят: 5]
Сийсазбина уьш, царал хьалха хилларш сийсазбарх терра.
Иштта аьлла АллахIа: «АллахIна а, Цуьнан Элчанна а новкъарло ян гIерташ берш, АллахIа наьIалт аьлла царна дуьненахь а эхартахь а, сийсаза долу Iазап а кечдина царна».
[Сурат: Ахьза́б, аят: 57]
[Хьехам: Пайхамаран суьрташ дахкаран хьокъехь] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев