Предыдущая публикация
ВЕШИНА
БIаьрхишца кхелина тулган чурт дуьйгIи
Ас хьуна, сан ваша. Дог Iийжадо.
Тахана сан кийра цхьамма топ туьйхи.
Къизачу Iожалло вай къастадо.
Кхоьлинчу буьйсанна хьаббина бIаьргаш.
Хьо сеци. Стиглара седа дIабай.
Со сацо гIертарх а Iийдало бIаьрхиш.
Хьан хаза жималла цIеххьана яй.
Хьо воцуш ирча ду. Гонаха - бода.
Вахаран чам а бац - бала бу соьхь.
Хьан доьзал байлахь бу. Ди-те тхо кIорда?
Со муха хьийзар ву хьо хьийзинчохь?
Муха хьо вицлур ву? Вицлур вац цкъа а.
Вехар ву сан кийрахь кхайккхалца тIе.
Дуьненчохь даимна ваьхнарг вац цхьа а.
Амма хьо вицвина догIур дац де.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев