Нана Нашха - нохчийн ага,
Деза совгӏат Делера.
Хийла мостагӏчо хьо йагий,
Вогӏий тӏамца арара.
Йерда-Корта, Нахча-Хазе,
Йай лаьттина Моцкъара,
Чӏармаха, Тӏийста, Гӏой-Хьийзагха,
Нах багийна Хьайбаха.
Йацеб-Коьртан когашкара
Са хадийна, чкъуг йетташ,
Гих-хи догӏу и лакхара,
Мокхаз даккхаш хедадеш.
Лекха хьаннаш, бецан цанаш,
Тӏулгийн лекха ламанаш.
Шира бӏаьвнаш, маьлхан кешнаш,
Шал а шийла шовданаш.
Турпал Нохчо кхузахь ваьхна,
Нашхойн лаьттан да хилла.
Дерриг нохчийн тукхам-тайпа
Кху махкара схьадаьлла.
Болат-туьрах суйнаш санна,
Керла мехкаш луьйцуш схьа,
Дуьне ма-дду уьш баьржира,
Дайн кхерч тесна генна дӏа.
Нана Нашха! Хьан сий дойла
Везачу Дала даимна!
Адамех йузуш, хьо денлойла,
Нохчийн къоман ирсана!
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев