Цул хьалха иза халкъана вевзинера республикин муфти а, кIорггерчу Iилманан Iеламстаг а санна.
Йахйеллачу йочанехь цIеххьана кхетта нур дашо малх бара халкъана Ахьмад-Хьаьжа - вахабизман а, терроризман а Iожалла, къизалла йаржоран идеологис хьере дина долчу, шайн хьежамашна хийра долчу харц-Iедало ницкъ беш латтийнчу халкъо къобалвеш тIеийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа... Иза цунах, цуьнан бакъдашах, цо дIакхайкхош долчу къилбанах тийшира. Халкъ цунах тийшира Ахьмад-Хьаьжа хьаьнгга а бакъдерг дIаолуш, шен дош лардеш, цIена бусалба стаг хиларна.
Нохчийн халкъана хьалхабевлла хиллачу тхьамданех иза дуьххьарлерниг вара халкъан хьокъехь дуьненахь кхоллайелла харц ойла хийца, шен халкъан хьокъехь дерг дуьненна ма-дарра дIадовзийта араваьлларг а, и сийлахь декхар тIехдика кхочушдинарг а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас доккхачу маьIне лорура шуьйрачу хаамийн гIирсийн болх... "Сан герз бакъдош ду, оцу герзана хьалха гIорасиз ду муьлхха а эскар", - олура цо.
Ша республикин Администрацина коьрте хIоьттича, цо, уггаре а хьалха, гIо-накъосталлин куьг кховдийра журналисташка. Цуьнан дIадолорца вовшахтуьйхира хаамийн а, зорбанан а министерство.
Ахьмад-Хьаьжа вуно дика кхеташ вара цу хенахь масийтта декъе йекъна йолу вайн йукъаралла цхьаьнатохарехь, цуьнан барт барехь, йукъара галморзахаллаш а, цакхетарш а дIадахарехь, тIамо йохийна республика меттахIотторехь меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша лелош долчу мехалчу маьIнех. Цундела дара цо хаамийн гIирсаш когахIитторна боккха тидам тIебахийтар а, уьш когахIиттор а.
Иза ца дича ца долура оцу хьолехь, хӀунда аьлча, Нохчийчоьнан арахьарчу цхьаболчу хаамийн гIирсаша дIахьош дара нохчийн халкъ массо а хIуманна бехкедар... Зорба а тухура, теле-радиоэфирашка а йохура даррехь питане, адамаш карзахдоху, вайн халкъе цабезам кхуллу материалаш. Оцу хьоло йоккха новкъарло йора Нохчийчохь дIабоьдуш болу къиза тIом сацорна, къепе йарна, харцо сацорна, бакъдерг довзийтарна, машаре некъ баккхарна.
Цунна дуьхьало йан йезаш йара. Иза Ахьмад-Хьаьжас йан а йора... Ша цхьамма - сила болчу ницкъана дуьхьал.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тIехдика кхеташ вара шуьйрачу хаамийн гIирсаш (федеральни а, регионийн а) вайн махкарчу хьекъалечу, кхетамечу нехан карахь хила безаш хиларх, и нах пачхьалкхан цхьаалла, демократи, бахархойн бакъонаш ларйар чIагIдарна гIаролехь лаьтташ хила безаш хиларх. ТIаккхий бен кхочийла дацара халкъана, дуьненна бакъдерг довзийтаре, махкахь къепе а, низам а, уггаре а коьртаниг - нийсо а хиларе.
Оцу гIуллакхан дика тIаьхье хиларе сатуьйсуш, цуьнга кхача лууш, цо массо агIор гIо дора Нохчийчуьрчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна, цу йукъахь телевиденина, радиона, газеташна, журналашна. Ткъа оцу редакцийн йерриге а гIишлош йохийна дIайаьхна йара...
Нохчийн халкъан тхьамдано журналисташкара лоьхуш дерг деккъа цхьаъ дара: мел къаьхьа делахь а, бакъдерг дийцар. Цо олура: "Бакъдашо бен эшор дац зулам, бакъдаше бен йухатохалур бац бохам, сацалур дац зен".
Цуьнан хьехамашка ла а дугIуш, цуьнан лехамаш кхочуш а беш болх беш хиллачу журналисташа шайн хазна йукъайиллира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йуьхьарлаьцна нийса некъ, халкъ маршоне дуьгу некъ республикин бахархошна дIабовзийтарна, халкъ кхеторна.
Цуьнан беркате тIаьхье бIаьрла гучуйелира 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикехь дерригхалкъан референдум дIайахьарехь а, цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а харжарехь а.
Политикин доккха маьIна долчу оцу хиламашкахь дакъалацарна журналисташ ир-карахIиттийнарг, царна нийса некъ хьехнарг нохчийн халкъан баьчча вара.
Шен ден, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхиамца кхочуш а деш, цо хьехначу новкъа схьавогIуш волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо тахана доккха гIо-накъосталла до Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсашна... Хаамийн гIирсаш кхиоран декъехь тIаьхьарчу шерашкахь Iаламат дукха гIуллакхаш дина цо.
Соьлжа-ГIали йуккъехь йолчу исбаьхьачу гIишлошна йукъахь шен хазаллица къаьсташ ду "Зорбанан цIа"... Республикерчу дерриге а газетийн, журналийн, хаамийн агентствийн редакцеш йу цу чохь белхаш беш. Иштта, церан могIарехь йу пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанин керла гIишло. Цу чохь кхузаманан тоьлла техника йу. Дерриге а дуьненахь хьовса йиш йу спутникан зIе йолчу оцу телерадиокомпанин передачашка.
Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн сийнна Соьлжа-ГIали йуккъехь схьайиллина цхьа башха журналистийн (сквер) беш а схьайиллина Кадыров Рамзанан дӀадолорца.
ТIаьхьарчу шина-кхаа шарахь дикка тобелла вайн шуьйрачу хаамийн гIирсийн хаамийн-довзийтаран болх, къаьсттина Нохчийн Республикина, цуьнан куьйгаллина харц-хаамийн тIелатарш дарна дуьхьало йаран декъехь.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тIедилларца, тIаьхьарчу хенахь, дикка хийцамаш бина зорбанан а, электронни а изданийн болх вовшахтохарехь, билгалйаьхна церан белхан коьрта а, мехала а агIонаш.
Таханлерчу денна республикехь похIмечу журналистийн дийнна цхьа чкъор тIекхиъна... Шайн болх безаш а, иза доггаха беш а бу уьш - царна дерриге а хьелаш кхоьллина эвсараллица шайн болх байта.
Ма-дарра аьлча, тахана уггаре а доккха жоьпалла царна тIехь ду. Иза вайн республикин, вайн халкъан "кхане" кхоллар ду, нохчийн халкъан Сийлахьчу кIентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весетех куьйгалла а оьцуш, уьш дозаллица кхочуш а деш, къоман журналистикин сийлахь ламасташ Iалаш а деш, кхиа а деш.
Дала мукъ лахь, вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийлахьчу, беркатечу, сирлачу новкъахь вай вешан ницкъаш, хьекъал, кхетам ца кхоош, Нохчийчоьнан Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тешаме накъостий хилла, Нохчийчоьнан дуьхьа къа а хьоьгур ду!
ХӀокху новкъахь къахьегар махкарчу хIора а журналистана доккха сий, дозалла а ду!
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1
Наш телеграм канал, инста, вк!
ЧАТЫ ОБЪЯВЛЕНИЯ!
https://t.me/bazarealestate
https://t.me/realestatebaza
https://t.me/estatemsk
https://t.me/bazaestatespb
https://t.me/estatekrd
https://t.me/nskestate
https://t.me/nrkestate
https://t.me/realsochiestate
https://t.me/realestaternd
https://t.me/nedvizhimostekaterinburg
https://t.me/nedvizhimostkalinigrad
https://t.me/nedvizhimostgekendzhik
https://t.me/nedvizhimostchelyabink
https://t.me/nedvizhimostkazani
https://t.me/kamrealestate
Наш телеграм канал, инста, вк!
ЧАТЫ ОБЪЯВЛЕНИЯ!
https://t.me/bazarealestate
https://t.me/realestatebaza
https://t.me/estatemsk
https://t.me/bazaestatespb
https://t.me/estatekrd
https://t.me/nskestate
https://t.me/nrkestate
https://t.me/realsochiestate
https://t.me/realestaternd
https://t.me/nedvizhimostekaterinburg
https://t.me/nedvizhimostkalinigrad
https://t.me/nedvizhimostgekendzhik
https://t.me/nedvizhimostchelyabink
https://t.me/nedvizhimostkazani
https://t.me/kamrealestate
https://t.me/realbazaestate
***0