Фарз ламаз дина ваьлча доккхуш долу тасбихь ду хIара. Ламаз-м салам делча дерзийна лоруш ду, кхин тIетоха дезаш хIумма а доцуш. Делахь а, салам ма-делла, тасбихь даккхар суннат ду, вайн Пайхамара доккхуш лелийна а ду и. Кхуза вай яздиначу ялханнах хIора а бух болуш ду хьадисашкахь. Масала, цуьнан дозалла дуьйцуш цхьана хьадисехь вайн Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ХIора фарз ламазал тIаьхьа «33 - Субхьа́наллахI», «33 - АлхьамдулиллахI», «33 - АллахIу акбар» аьлла, бIе дузуьйтуш царна тIе (хIара дешнаш) аьллачунна: «Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр», - къиношна гечдийр ду, хIордан чопа санна дукха делахь а». [Сахьихь: Муслим: 597]
Ткъа тасбихь вай кхузахь доцца яздина дитина, кхин а деха тасбихь даккха хуучо, кхин а деха даккха а мегар ду, нагахь и тIедеша дагахь верг, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийна делахь.
Кху тIехь вай яздинарг дерриг дешча бен тасбихь ца хуьлу бохург а дац, шена хуучо кху тIехь дерг доьшу, кхин а сов хуучо кхин сов доьшу, кху тIехь дерг а ца хуучо: «Субхьа́наллахI - 33. АлхьамдулиллахI - 33. АллахIу акбар – 33, - аьлла, тIаккха, - ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр», - олу. Иштта иза а ду кхачам боллуш тасбихь лоруш, цундела цхьаммо а шен тасбихь даккха ца хаьа ала меттиг бац.
Кху тIехь долучу ялханнах муьлхха а, иштта кху ялханнал сов деша дагахь велахь а, царах муьлхха а хьалха-тIаьхьа даьккхина деша мегар ду. Церан рагI ларъян езаш а дац уьш. Церан рагI ларъяр я важиб лоруш дац, я суннат лоруш а дац. Амма кху тIехь вай яздиначух хьалхарниг, салам ма-делла доьшуш хилла Пайхмара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла, билгалдина ду хьадисехь, цундела ламазна салам ма-делла кху тIехь вай яздиначух дуьххьара дерг хьалха дешар суннат хуьлу.
Суннатехь дерг тасбихь хIораммо а шен-шена даккхар ду. Пайхамара а, цуьнан асхьабаша а доккхуш ма-хиллара. Амма, имама хьалхара а олуш, тIаьхьахIиттинчара тIаьхьара а олуш тасбихь даккхар нийса дац, хIунда аьлча имамо даьккхинарг - цунна шена ду, ткъа ахь даьккхинарг - хьуна ду.
Ламаз дина ваьлча деш долу суннат ламаз дина даккха а мегар ду тасбихь. Нагахь шен гIуллакхе ваха а везна, салам ма-делла хьала а гIаьттина, дIавоьдуш велахь, воьддушехь даккха а мегар ду. Амма дезо дерг а, суннат лоруш дерг а, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийнарг а, ламаз дерзош салам ма-делла, хиъна Iаччохь, хьала а ца гIоттуш, тасбихь даккхар ду.
Шена тасбихь дагахь ца хуучо кху кехат тIера деша а мегар ду.
Тасбихь
1. АстагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла́хIумма антас-сала́м, ва минкас-сала́м, таба́ракта йа́ зал-жала́ли вал-икра́м.
2. АIу́зу биллахIи минаш-шайтIа́нир-ражи́м. АллахIу ла́ ила́хIа илла́ хIувал-хьаййул-къаййу́м, ла́ таъхузухIу́ синатув-вала́ навм, лахIу ма́ фиссама́ва́ти ва ма́ фил-ард, ман заллази́ йашфаIу IиндахIу илла́ биизнихI, йаIламу ма́ байна айди́хIим ва ма́ халфахIум, ва ла́ йухьи́тIу́на бишай-им мин IилмихIи́ илла бима́ ша́ъ, васиIа курсий-йухIуссама́ва́ти вал-ард, ва ла́ йау́духIу́ хьифзухIума́, ва хIувал-Iалий-йул-Iазы́м.
3. Субхьа́наллахI – 33 зза эр ду.
АлхьамдулиллахI – 33 зза эр ду.
АллахIу акбар – 33 зза эр ду.
4. Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́р.
5. Алла́хIумма ла́ ма́ниIа лима́ аIтайта, вала́ муIтIийа лима́ манаIта, вала́ йанфаIу зал-жадди минкал-жадду.
6. Алла́хIумма аIинни́ Iала́ зикрика, ва шукрика, ва хьусни Iиба́датика. https://tlgg.ru/adlan_haracho
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев