(дийцар)
_Орцуева Малика_
Цхьана юьртахь ехаш хилла хазаллина махкахь гӏараяьлла, Хандута цӏе йолу йоӏ. Нанас "малхал а, зезагел а хаза ю хьо" бохуш, "гӏийлачу, къечу нахаца лелийначу гергарлонех бала пайда бац" бохуш, луларчу берашца ловза а ца йохуьйтуш, кхиийнера иза, тӏехь да а воцуш. Хандутин да юьртахь уггаре а хьал долуш стаг вара. Амма йоӏ жима йолуш, цӏеххьана кхеттачу цамгарх дӏакхелхира иза, шортта бахам буха а буьтуш шен доьзална. Нанас коча ӏамийнера йоӏ, гӏуллакхех а, халонех а лар а еш.
Хӏора ӏуьйранна малх схьакхетча, цунна дуьхьал а йоьрзий, къамелаш деш, малхаца хазалла къуьйсура Хандутас, "соьл хаза хӏун хир ду кху дуьнен чохь" бохуш. "Ахь дуьненна лучу серлонца къийса бӏаьргийн нур ду сан, хьан дашочу зӏаьнаршца къийса еха дашо ши кӏажар ю сан, ахь лаьмнийн басешкахь кхиочу уггаре а хазачу зезагашца къийса хазалла а ю сан", - бохуш, дӏахьедора сонтачу йоӏа. Кхечу мехкаршца уьйр а яцара Хандутин, царех къехкара и цаяшарца. Наггахь, шена лиъча, кеч а лой, шен дас-нанас эцна ездарин гӏабали а юхий, дашо чилхьесий долу ши кӏарх а бухий, цӏеста кӏудал а оьций, шовданйисте йоьдура и, шен хазалла массарна а дӏагайтархьама. Массо а кегий нах, мехкаршка дуьйцу шайн хабарш совца а дой, шега хьоьжуш, гуттар а самукъадолура цуьнан.
Хийла юьртара дикачу кӏанта даийтина захало тӏе ца дуьтура цо, куралла еш, "гӏийла вехачу кӏанте ца яха, къанъяла реза ю ша" бохуш. "Мархаш санна кӏайчу, мох санна чехкачу говрахь со йига вогӏур ву уггар а хьалдолчу совдегаран кӏант, сан хазалла юьйцуш шена дӏа ма-хеззи", - олура цо. Бацархоша а, чухӏиттинчу наха а хьалхара гӏуллакхаш а деш, бес-бесара ездарин гӏабалеш а хуьйцуш, дашо кочурш а оьхкина, къахьегар а доцуш, даимна ша-шен хазаллех йоккха а еш, шен цӏахь санна шена хир ду моьтту дахар лоьхура Хандутас.
Амма цу юьртахь ехаш яра кхин цхьа йоӏ а - шен дикаллица гӏараяьлла йолу Заза. Иза а яра шен ден а, ненан а цхьаъ бен йоцу хьоме йоӏ. Делахь а, качйина а, йижина ӏилла ӏамийна а яцара хӏара. Тӏергӏан хӏумнаш ян, хӏума тега а хууш корматалла яра цуьнан. Ӏай гезарийн пухӏ, я уьстагӏийн тӏаргӏа къаж а бой, урчакх а хьовзош, царах теш дора Зазас. Газанан пухӏах а, патарх а динчу тех хӏума тоьгу тай а тухуш, царех оьргаш бора цо. Тӏаккха пазат ен чӏорашца юьйцина бойнаш а, дуьйцина каранаш а, тӏергӏан пазаташ а йора цо йохка. Цкъаццкъа Зазас йина бойнаш эца маьӏ-маьӏнера, кхечу ярташкара а совдегарш богӏура, "Зазас йина бойнаш атта кепах ца йухуш, мехала йовлуш хуьлу шайн" олий. Базара эха а ца дезаш, шен цӏахь ӏашшехь, дика мах хуьлура Зазин, хӏорамма а масех бой дӏа а оьций.
Иштта, дан кхин гӏуллакхаш а карадора йоӏана. Бӏаьста хьаьжкӏаш дӏа а йоьй, аьхкано царна асарш а деш, уьш кхиа а йой, гурахь гӏодмаш а хьокхий, царна тӏера хьаьжкӏаш схьа а йохий, цу гӏодмех цӏевнаш дора Зазас, эрзаца дӏа а доьхкуш. Тӏаккха цу цӏевнех боккха такхор бора цо, дас-нанас гӏо а деш. Хьаьжкӏаш схьаяьхначул тӏаьхьа тила а йой, яха а йохий, куьрка а хьой, уьш гӏийлачу цӏергахь, овкъарш тӏехь кхорзура цо. Кхерзина евлча, цӏена шаршу кӏел а тосий, цу тӏехь дӏасаяржайора хьаьжкӏаш шелъялийтархьама. Цул тӏаьхьа уьш хьера яхьа а дезара цуьнан, царах хьархочуьнга ахьар дайтархьама.
Цхьаъ бен яцара, аьлла, кхоа ца еш, юург ян а, етт оза а, кхин мел долу зударийн гӏуллакх дан а ӏамийнера йоӏ шен нанас Езирас. Ахьарх юткъа-еха галнаш а йора йоӏа, кхехкийначу жижигца хьалха яхка. Горгий хьолтӏамаш а йора цо, "тӏо-берамца яа мерза хуьлу", олий, я хьакхийна нитташ чу боьхкина, я сийна хох, я татеш, я хьонка чу боьллина а. Гӏалмакх-чай, я ӏаждарбецан чай а кхехкадой, товханан кхерчахь сискал-мижарг а боттий, шен дений-нанний кхача хӏоттабора Зазас. Цундела ша дечу гӏуллакхца а, лелочу гӏиллакхца юьртахь а, лулахь а гӏараелира Заза, массарна а ша езаш-евзаш а, нахана пайде а, беркате а, наха лоруш а.
Гуьйранна ялта шаьш чудерзийна бевлча, юьртарчу наха синкъерамаш а, белхиш а бора. Иштта цхьана дийнахь кхеран юьртара Аружа бохучу йоккхачу стага дӏакхайкхинера ша йолчехь боккха синкъерам хир бу, массо а дуьйла, аьлла, луларчу мехкаршка а, юьртарчу кегийчу нахе а. Цу синкъераме бахка дагахь луларчу юьртара хьеший а бу, аьлла, хаам кхаьччера мехкаршка а. Хандутас къаьсттина ларвеш верг вара цхьа Албахьаст цӏе йолу хьаша. Гӏиллакх а, гӏуллакх а долуш, нахана вевзаш а, лоруш а, нахе ша ларийта хууш а вара ша лара хьакъ волу дика кӏант Албахьаст.
Албахьаст таро йолчу нехан, совдегаран кӏант вара. Амма хьоло курбаьхначарех а, я дуьненан даьхнино ӏехийначарех а вацара и. Шен заманахь кегийрхойн массеран а санна говрах а, герзах а самукъа долуш вара кӏант. Таллар а, хьуьнха вахар а дукха дезаш а вара. Сих-сиха ваха а воьдура и талла. Бакъ волу иччархо вара Албахьаст, ша санна нийса пха тухуш а, метта хьажийначе герз кхеташ а кхин цхьа хир воцуш. Цуьначул дика эраш долуш кхин таллархо а хир вацара.
Цхьана дийнахь дерачу акхаройх берзалой а, черчий а бен гина йоцчу хьуьнхахь, цӏоькъалом хааделла, аьлла, дуьйцуш хезна, талла ваханера иза. Лелаш, толлуш, кӏад а велла, шен говр диттах дӏа а йихкина, садаӏа дагахь, цу дитт кӏел верта а тесна, охьавижира кӏант. Наб озо гӏерташ волчу Албахьастана хезира шен говр синтем байна кхоссалуш, гергахь кхин говр хааелча ма-ярра, цо дуьхьал амалш еш. Шен баттара
тур схьа а даьккхина, мохь туьйхира цо: "сан говр кхеро ваьхьнарг мила ву кхузахь, схьагучувала, хьуо майра велахь!" Говра юьхь а лаьцна, кхунна дуьхьал волавелира цхьа лекхачу дегӏахь стаг. Цуьнан духарх кхийтира Албахьаст и шен къомах воцийла.
"Ассаламу ӏалайкум, жима къонах! Сан цӏе Георгий ю, хьан цӏе хӏун ю", - аьлла, куьг кховдийра кхуьнга дуьхьал кхеттачо.
"Ва ӏалайкум ассалам! Сан цӏе Албахьаст ю! Хьо мила ву, мичара ву, кху акха хьуьна юккъе хьуо муха кхаьчна?", - аьлла, хаьттира кӏанта.
"Со Гуьржийн махкара калакойн эла ву, - элира хьешо цӏенчу нохчийн маттахь, - таллархо а ву. Цӏоькъалоьман лар толлуш, некъах а тилла, шу махка кхечи-кх со. Кӏира хан а ю со новкъа ваьлла, дукха хьаннаш а, ярташ а тилина ас шун махка кхачале".
Ша эла а, элан кӏант хиларе терра, луларчу къаьмнийн, оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хаьара гуьржичунна, жимчохь дуьйна ӏамийна. Амма ша хьал долчу совдегаран кӏант хиларе терра Албахьастана а хаьара масийтта мотт - нохчийниг а, Ӏаьрбийниг а, оьрсийниг а, гуьржийниг а. Шен дас, хьехархо а лаьцна, цӏахь ӏамадайтинера цуьнга и меттанаш, дахарехь оьшур ду хьуна, аьлла. "Йоьӏан ирс пеша юххехь ду, кӏентан ирс когашкахь ду", - олий, "дуьне довза деза божаберана жимчохь дуьйна", олий, ша воьд-воьдучу махка вуьгура Албахьаст шен дас.
"Хьо-м вон некъ арабаьккхина лелаш ца хилла, махкара воцу хьаша! Лар нийса лаьцна хилла ахь. Со а вара оцу цӏоькъалоьман лорах талла араваьлла, - элира кӏанта цӏенчу гуьржийн маттахь. - Цӏоькъалом ца карош, лом санна, лам санна волу хьаша карий-кх суна. Хӏинца вайша со волчу гӏур ву, хьошалла диний бен хьо дӏавохуьйтур вац аса!".
"Албахьаст, юхагӏертар вац со тӏаккха, - элира гуьржийн элано Георгийс. Аша нохчаша, хьаша муха лелаво дуьйцуш хезна а ву со, хӏинца, бахьана даьлччара, нохчийн хӏусаме восса реза а ву-кх со. Шун леррина, хьешана цӏе тухий, дина совцӏа хуьлий а, хьаша беркат ду, бохуш, кхаа дийнахь гӏуллакхах куьг ца тухуьйтуш, аша веза лелавой а, хаьа суна".
"Деллахь, Георгий, бакъ лоь хьо. Хьаша ларар - вайн шинне а къоман деза а, сийлахь а, оьзда а гӏиллакх ду. Мерза кхача а, кӏеда мотт а, ларам а, шена тӏевоьссинарг а, цуьнан говр а массо зенах, зуламах, шен са ца кхоош, хӏусамдас ларъяр - хьешан хьакъ лору оха. Шена гина ледарниг хьулдар а, хӏусамна тешаме хилар а, шеца лелийначу гӏиллакхах вашар а - хьешан декхар а лору оха. Цкъа со волчохь а ӏийна, хьуо цӏа вахача, тӏаккха хадор бу сан буьззина мах. Хӏинца кху вайшиъ вовзарна тӏаьхьа догӏуш долу гергарло лело а, доттагӏалла таса а хьо лууш велахь, цхьа хӏума дуьсу вайшинна кхочушдан дезаш," - къамел дира Албахьаста.
Иштта хьекъалечу, оьздачу къамелах дукха цецваьллачу хьешо элира: "дера, жима къонах, суна хаа ма хаьа ахь бохург. Ширчу заманара схьадогӏуш ӏадат ма ду вайн Кавказехь, керла гергарло тосучу шина стага таррашца, я шаьлтанашца шайн ницкъаш а, хьуьнар а къовсуш. Цул тӏаьхьа, ханна воккха муьлхха велахь а, цу латарехь тоьлларг воккха а лоруш, къовсаме некъ хӏоьттича, цу тоьллачун лаамна тӏетевжаш а. Хьо реза велахь, вайшинна тарраш хӏун боху хьожур ву вайшиъ, Албахьаст! Шина къонахчун латарца гучуйолу, олуш, хезна суна сайн дайшкара, цаьршиннан амалш - майралла а, собар а, тешаме я тешнабехке хилар а!"
Кӏант реза хилира. Ишиъ латта волавелира. Сарахь лата волавелла хӏара ши къонах сахуьленга велира. Тӏаккха къамел долийра Георгийс: "со кхийти шун къоман амалех, хьан собаре а, тешаме а хиларх а! Бакъ долу цӏоькъалом, цергаш а ца къежош, къар а ца луш, майрра лета олуш хезна суна. Ас лар толлуш, лехнарг, хьо Цӏоькъалом хиллачух тера ду. Эшнарг цхьа а воцуш, дерзо мегар ду вайшинна латар. Хӏинца со кӏад а велла, мац а велла. Хьо со вен гӏерташ вацахь, хьан пурбанца хьан хӏусаме хьаша хилла вуссур вара-кх со!"
Иштта гергарло тасаделира нохчийн совдегаран кӏентан Албахьастан а, гуьржийн эланан Георгийн а.
Вайн кӏант волчу тӏевоьссина, дӏа ца вогӏуьйтуш дийнна кӏира даьккхира вайн хьешо. Буса хьешана динчу совцӏа чохь вуьжуш-гӏоттуш, ӏуьйранна, суьйранна кӏентан нанас Малижас хьалхадохку тайп-тайпана нохчийн даарш-маларш дууш, молуш, ӏуьйранна, малх лекха баьлча, сарралц ӏен Албахьастица талла а воьдуш, таллархойн цхьацца йолу корматаллаш вовшийн йовза а йовзуьйтуш, чӏогӏа самукъане хаза хан а яьккхина, дӏаваха новкъа велира вайн хьаша. Ша ӏодика еш, гуьржийн элано элира: "хьо со волчу Гуьржиймахка хьошалгӏа вагӏахь, хьаккхий, керта воьллахь! Сан уьйтӏахь дӏатесначу жӏаьлийна а герз девза хьуна, юкъ йихкина вогӏу стаг гича, шен бун чу сихха къайладолу хьуна и. Сан говраш лелочо говр ӏалашйийр ю хьан. Сан герз лелочо, цӏан а деш, къага а деш, герз лардийр ду хьан. Хьан сай, деггӏий лардар ас сайна тӏелоцу хьуна,"- аьлла.
"Говр, хьаший-м лелор - гӏиллакх лерина. Амма, герз, юкъ яьстина, охьадиллар а, нахе цӏандайтар а дац тхан ӏадатехь, – элира Албахьаста. Ткъа вайн синош а, догӏмаш а карахьдерг вай а, вайн даьхни а, хӏара дерриг дуьне а, ӏалам а кхоьллинарг - вайн Аллахӏ-Дела ву! Тхаьш цхьанхьа даха новкъа довлуш, тхешан болх Оцу тхайн Делан кара дӏа ло оха! Цо ӏалаш а до тхо! Цуьнан кара сайн болх дӏа а белла вогӏур ву со, вагӏахь. Хьан керта а, хӏусаме а, мохь а тоьхна, вуссур ву со. Жӏаьлина а шен цӏе яьккхича, хазахета, и лата а ца лета тӏаккха олу. Хьан жӏаьлеш лелочуьнга хатта а хаьттина, цуьнан а цӏе йоккхур ю ас, эшахь. Бакъду, нохчийн жӏаьлешна буьйса юккъе яьлча вагӏахь а, хьаша къух къасто хаьа, олу тхуна луларчу къаьмнаша. Йиш ма хилла вогӏур а ву со, ницкъ ма-кхоччу лелор а ду вайшимма гергарло! Хьан Дала некъ тобойла! Марша гӏойла хьо, хьаша!"
Юха а хӏусамдегара иштта хьекъале дешнаш хезча, чӏогӏа там хилла, доггах вела а велла, кӏант маракъевлира хьешо. "Шун марша а ӏойла! Ийман-беркат кху хӏусамехь лаьттийла", - аьлла, новкъа велира Георгий.
И гергарло тасаделла ахшо хан яьлча, Албахьастана дагадеара, ша а ваха ма везара шен доттагӏ волче хьошалгӏа, аьлла. Шина дийнахь- бусий лаьмнашкахула говрахь некъ а бина, шен деца цхьаьна некъаш дина жималла карла а йолуш, парггӏат хьаннаш а, лаьмнаш а, ярташ а, гӏаланаш а толлуш, веана, схьакхечира кӏант гуьржийн шахьаре, нохчаша Калакоь олучу, Тбилиси-гӏала.
Албахьаста дӏахаьттича, дукха сиха вевзира цигахь бехачу нахана ша элан кӏант а волуш, шен карахь шен мехкан олалла а долуш волу шайн гуьржийн эла Георгий. Шена наха билгалъяьккхинчу, тӏулгех тӏекӏелйоьттинчу гӏалин кетӏа кхечира Албахьаст.
Мохь тоьхна, кхайкхина хӏусамдега, воьссира иза некъан бахалла ша схьавалийначу расхачу динара. Доттагӏчун аз хезна, самукъа даьлла, дуьхьал хьаьдира Георгий. Ганза хан яларна а, гина хазахетарна а, салам а делла, доггаха мараиккхира ши къонах.
Куьйгаш тӏехь айина, мерзаниг яош, хазчу метта вижош, дика лелош вара вайн Албахьаст цу хӏусамехь. Цхьа хан дӏаяьлча цӏийндас элира кӏанте: "шен дан дезаш цхьа къамел дара хьоьга", - аьлла. "Со хьоьл ханна воккха ву. Амма хьо санна къонах суна вевзина вац, дуьнен чохь хӏара хан йоккхуш, хьекъал а, майралла а цхьана сица ехаш а йолуш. Тхан махкахь хазаллина гӏараяьлла, Тамара бохуш йоӏ ю сан. Хийла хьал долчу наха тӏедаийтинчу захалошна реза ца хуьлуш ӏаш вара со. Амма, ас аьлчунна тӏера ер йоцуш, суна муьтӏахь ю сан йоӏ. Шун ӏедалехь, шун зуда тхоьга яийта йиш йоцийла хаьа суна. Амма тхан ӏедалехь сан йиш ю сайн йоӏ хьоьга яийта. Хьоьх бӏаьрг буьзна сан, дог а тешна! Хьо реза велахь, и захало кхочуш дийр дара вайшимма ваьшна юкъахь. Хьо дӏавоьдуш, хьоьца дӏа а йоуьйтур яра ас и."
Шен доттагӏчо цкъа а шега дийр ду а ца моьтту, шена цкъа а дагадеъна а доцу къамел шега дича, туьро-тоьпо вагийча санна, гӏеххьа бос а байнера Албахьастан. Делахь а, шен вохар ца гойтуш цо йоьӏан дега говза жоп делира: "сайн дас цӏоькъалом ду хьо, бохуш, сайн нанас сан дог ду хьо, бохуш, жижиган кхачех бен батт ца тухуьйтуш, кхиийна со. Амма нийсадерг а, доцург а довзийтина цаьршимма суна, шайн дайшкара дуьйна схьадеанчу гӏиллакхех а, ӏадатех а доьзна долу. Делан дуьхьа гергарло лаьцначу доттагӏчун хӏусамехь ахь буьйса яьккхинехь, цул тӏаьхьа церан чохь цӏентӏера араялаза (маре яхаза) йоӏ елахь и хьан йиша ларалуш ю, хьуна, аьлла, хьехар дина цара соьга. Цуьнан сий лардар а, и шен йиша санна ларар а, хьешана тӏедужуш хилар а хаийтина цара суна. Иштта гергарло тасаделлачу хӏусамера йоӏ ялийча, тхан эхь ду, тхан гӏиллакхашца а, ӏадаташца а ца догӏу и. Наха бехк буьллур бу суна, Георгий. Хьо соьх нийса а кхета, къинтӏера а вала суна, ас иштта аларна! Хьан йоӏ суна ган ца гинехь а, йуьйцуш хезна, цуьнан тайна хилар а, корматаллаш, говзаллаш хилар а хезна. Цунах цхьана дикачу къонахчунна оьзда хӏусамнана хирг хиларх шеко а яц сан. Шен махкахь экаме кхиийна зезаг, кхечу махкахь дакъало, олуш ду тхан. Шен доцу маре дича, йоӏ ирсе ца хуьлу а, олура тхан дайша. Элан йоӏ элан кӏанте йоьдуш бакъахьа хетара суна."
Георгий дикка ладоьгӏуш ӏара Албахьасте. "Ванах, юх-юха а ма цецвоху со ахь, сан жима доттагӏ! Нохчашна юкъахь леш-элий аьлла, къестамаш боцийла а, аша шайх муьлххачо а ша эла лорий а, къонахчун дарже кхача гӏерташ, дерриг дахар чекхдаллалц къахьоьгий а ма хаьара суна, хьо вовзале дуьйна а.
Ма эрна техкийна ца хилла хьан нанас хьан ага! Хьекъале жоп дала кийча ву хьо даимна. Нохчийн гӏиллакхаш бух боцчу хӏордах тардан хии хьуна, хьайна уьш алссам довзарехь а, айхьа леррина лелорехь а. Дукха книгаш ешна ас малхбалера а, малхбузера а дуьнен чохь гӏарабевллачу яздархоша язйина. Амма нохчийн санна хаза гӏиллакхаш долу къам цара хьехош а ца карийна суна. Хьо марша лоьлийла айхьа дуьнен чохь йоккхучу ханна! Со токх вити ахь тахана. Сайн дахарехь дуьххьара цӏоькъалоьман амал йовзийтина ца ӏаш, цуьнан боьрин чуьра аматаш а, сибаташ а довзийти-кх ахь суна." Иштта, мерза а, хаза а хан яьккхинчул тӏаьхьа, дӏасавелира и ши къонах.
Цӏа вогӏучу некъаца сингаттам а, хьовзам а ца хуьлуш, сих-сиха говре са а доӏуьйтуш, могаш-маьрша цӏакхечира Албахьаст. Сарахь кхуьнан накъост ӏела веара хӏара волче, керла кхаъ бахьаш. Цо шен доттагӏчунна хаийтира шайн луларчу юьртахь, Аружагӏаьргахь, дехьара-сехьара нах а кхайкхина, кханенна боккха синкъерам бан кечам бина хиларх а, ша шаьшшина тӏеваха бух тобина хиларх а.
"Хандута бохуш, гӏараяьлла хаза йоӏ ю церан юьртахь, Албахьаст," - лен волавелира ӏела, - "цуьнга ахь бӏаьрг тухийла а лаьара суна. Хьо чуверзо веза хан тӏехъяьлла. Сайна а, яло томехь йоӏ карор ярий-те, аьлла, хьажа а лаьара суна. Ши хьаша вогӏур ву, тӏелаца меттиг кечъе, аьлла, хабар-м дахьийтина ас. Хьо вагӏахь, кхана цхьаьна цига гӏур вара-кх вайшиъ, доттагӏ! Хӏун аьлла хета хьуна?". "Дика ду, гӏур ву вайшиъ, Дала пурба лахь", - реза хилира накъост.
Тахана ӏуьйранна дуьйна синкъераме баха кечлуш, керла эцначу кӏархашца халхар карладоккхуш, когашна гӏеххьачул ахкаргаш а дина, самукъане хьийзара мехкарий. Нанас "малхал хаза ю-кх хьо" бохуш, кхиийна исбаьхьа Хандута а яра цу синкъераме яха кечамаш беш. Цу вогӏучу хьешо ӏелас шеца валон волу накъост Албахьаст хиларе сатесна яра йоӏ. Шен нанас, ша-шена дӏавиллича санна, дукха хьехаварна, гина а воцуш, вийцарехь цуьнга безам баханера курачу йоьӏан. "Со йоцург, нана, цо мила юьгур ю? Заза-х юьгур яций цо, гуттар а кӏормодашех дуьзна куьйгаш дина йолу. И овкъарш куьйга луьйсу, моьтту суна, цо," - бохуш, кхаьрдара и, Зазех ца ешаш.
Делкъал тӏаьхьа кхеран юьрта схьакхечира ши хьаша, Ӏелий, Албахьасттий. Урамехула схьавогӏучу кхаьршинна гира малхехь лепаш шипона бухара ехий кӏажарш а йолуш, охьадоьдучу хино юьстах тесначу гӏамарца цӏеста кӏудал кӏагош, букъ тоьхна йоллу Заза. Албахьаста бегаш бира йоӏе: "тхан нанна а езар-кх иштта гӏуллакхаш дан цхьа накъост, тхоьга йогӏур яцара хьо, тхан нанна гӏо дан?" - аьлла. Иштта хабар шен лерех кхетча, гуттар а эхь хетта, кхин корта хьала ца айбира йоӏа, хьеший богӏучу новкъа кхин дӏа а ца хьаьжира иза.
Сарахь синкъерам дӏахӏоьттира Аружин совцӏа чохь. Божарий а, хьеший а баьрчче охьаховшийнера, мехкарий чуволлучохь дӏатарбеллера. Мехкаршна юккъехь тоьллачу духарца къаьстина яра Хандута, хьенна а тӏе бӏаьрг хӏуттур болуш. Амма тӏедоьхна духар дезачух дацахь а, Зазин хазчу юьхь-сибатех а, елаелча, цуьнан беснеш тӏе хӏуьттучу кӏаьгнех а серлаболура и синкъерам. Цунах бӏаьрг ма-кхийтти, евзира Албахьастана ша тахана бегаш бина йолу, еха ши кӏажар йолу йоӏ. Охьатаьӏӏина, шен нийсархоша а, баьхкинчу хьешаша а вовшашка цхьацца бегаш а, забарш а йича, елаялар бен доцуш, йист а ца хуьлуш ӏара Заза. Мехкарша хаьржинчу тхьамдега "Хандуте шеца хелха яла ала", аьлла, тӏе хабар дахьийтира ӏелас. Хьаша хелха волуш, беррише а хьалагӏевттира. Цхьа коча, башха реза йоцуш, ког а шаршийна, жимма цхьа-ши го а тесна, дӏаелира Хандута. Цо сатуьйсуш верг вар Албахьаст. Амма кӏанта терго ца йора цуьнан. Албахьастан ерриг а ойла Зазас дӏаяьхьнера. Кӏентан даг чу йижнера йоӏ.
"Ладугӏу йиш" лакха дӏайолийра Санета кехат-пондарца.
"Сийна кхокха корех лета.
Хӏун дахьаш хьо беъна-теша?
Деган везар генач махкахь
Яздеш ву-те бамби кехат?
Со яла хьан, йина нана.
Махках яла дезар ду-те?
Везаро соь йола алахь,
Хьоьха къаста дезар ду-те?"...
Цхьана ханна, цу гӏайгӏанечу, гӏийлачу эшаре ладоьгӏуш, къамелаш севцнера. Тӏаккха сингаттам дӏаойбуш, хьешийн самукъа даккха, хелхаран мукъамехь дечка-пондаран мерзаш самадехира кегийчу наха.
Албахьаста дӏабовзийтира тхьамдина шен Зазица халхавала болу лаам. Хаза хьалагӏаьттина, ког шаршош, тӏам ластош, лаьтта хьажийначара ши бӏаьрг хьала ца ойбуш, халхаелира вайн йоӏ. Чекх са гуш, кӏайн чкъор долчу цуьнан куьйгех и ца евзачун бӏаьрг кхетча, и цкъа а мохе-малхе ца яьлла моьттур дара. Хьешо цул тӏаьхьа сакъера некъ тӏе бахьийтира йоӏана. Зазас реза хиларца тӏелецира и некъ.
Шен накъост, ша хьахийнарг ӏад а йитина, кхечуьнца сакъера хӏоьттича, ӏелас шеца сакъера, аьлла, Хандутина тӏе хабар дахьийтира тхьамде. Кӏантана жоп а ца луш, "корта лаза баьлла шен", аьлла, хьешийн ӏодика а ца еш, ловзаргара хьала а гӏаьттина, цӏаяхара Хандута.
Нана дуьхьал елира йоӏана: "ма хьалхе дӏабирзи и синкъерам", - аьлла. Хандутас жоп делира нене: "и тиша, бехчалгаш санна йолу, бос байна гӏабали а йоьхна еанчу Зазега сакъера, аьлла, тӏе хабар даийти-кх Албахьаста. Суна хӏун оьшу хӏокхуьнан даккха са а доцуш, къелла вала воллуш волу накъост ӏела? Со сайн корта лазабаьлла, аьлла, сихха цӏаеа-кх цу синкъерамера. Цига яхарна дохко ма яьлла", - олуш, цу хиллачух дукха цецъяьллачу шен нене кхи дӏа ца хьожуш чуяхара иза. "Ва, со яла елла! Заза хаьржина, тов, кӏанта, бохуш- хӏинца-м сан корта а баккъалла а лазабели", - аьлла, тӏаьххье чу яхара Маржан.
Шозлагӏчу дийнахь ша юха а веана, йоӏ хийисте а кхайкхийтина, захало кховдийра кӏанта йоӏе. Зазас резахиларца тӏелецира и некъ, наха шена вуьйцуш хазарехь а, селхана шена шозза гарехь а, цунах ша бӏаьрг буьзна хиларна. Цхьа бутт зама яьлча, кӏанта йоӏ еха баккхий нах бахкийтира. Еха баьхкинчарна дош делира йоьӏан дас Ӏалавдис, баккхийчеран юьхьярхьама а, нене хаьттича, йоӏ резахилар шена гучудаьллий дела а, хӏара совдегаран кӏант къонах ву бохуш, шена вуьйцуш хезний дела а, йоӏ ша реза волчу цӏентӏе нисъялийтархьама а.
И кхаъ ма-хеззи, кӏентан нанна Малижина дагаеара ойла "ванах, со ма тамашийна ӏаш ю. Евзина а ялале, тӏехьаьвзина бутт а балале, ма сихавели сан кӏант и захало дан. Вайн дайша олуш ма дара "нене а хьажий, де захало!" Дера еза со оцу луларчу юьрта ладогӏа яха, нахе а хоттуш, хӏун ду, мила ду хьажа!Гойла хилахь, сайн хир йолчу несе Зазе а, цуьнан нене Езире а хьажа а, йистхила а!" Йоьдуш, дӏакхечира кӏентан нана йоӏ ехачу юьрта. Юьрт жима хиларна делахь а, дуьххьара дӏагинчу зудчунна бевзира хӏокхо хоьтту нах. "Кӏантана хӏу лаха, йоӏана цу лаха", - аьлла ду вайн къоман, лен йолаелира и зуда. "Чӏогӏа бакъахьа некъ бу ахь арабаьккхинарг. Нах боцчу нахаца гергарло лелочул а, нах болчу нахаца дов лелор тоьлу олу. Мел дика нах бу, хаьий хьуна, хьан хин болу захалаш, мел дика йоӏ ю церан и Заза, юьртана а евзаш, езаш! Ши куьг дашо ду цуьнан, багахь мотта бац цуьнан. Ма дика нус хир ю хьуна цунах! Дала мукъ лахь!", аьлла, дог хьаьстира кӏентан ненан Зазин юьртарчу зудчо. Цул тӏаьхьа, цо мича ӏаш ю а дийцина, Зазин керта кхача дагахь, церан урамехула дӏайоьдучу Малижина дуьхьалъелира цхьа ондда дегӏ долу зуда. Зазагӏар хоьттуш кӏентан нана еана хилар гӏарадала кхиънера кху юьртахь. Хандутин нана Маржан хиллера и, эладита а хезна, вайн хьешана дуьхьалъеънарг. "Хӏокху юьртахь а, махкахь а сачул хаза а, тайна йоӏ йоццушехь, сан туьнкалг массерачул лекха йоллушехь, сан цӏеста кӏудал а, дашо кӏархаш а битина, сан нуьречу, малхал хазчу Хандутина тӏех а яьлла, хӏун кхелли лоьху ахь Зазин кертахь, хьо дакъаза ма яларг? Ва ас дийр ма дара хьоьца захало! Шайх терра таро йолчу тхоьга хьахо ца магара аш и захало?", - аьлла, тӏейирзира Маржан Малижина. Иштта шега лен и йоьлча, кӏентан нанас дуьззина жоп делира цунна: "Хӏинца чекхбели хьуна ас арабаьккхина некъ! Суна сайна цу йоӏах а, цуьнан нахах а хаалуург хиина дели. Со хӏинца церан керта а ца йоьдуш, дӏагӏур ю. Тхан захало кхочушхили! Ахь шайх терраниг лаха, хьо марша леларг! Тхуна тхаьш лоьхург карий! Заза дика йоӏ юйла суна хии. "Хазалла- сарралц, дикалла - валлалц" лаа ма ца аьлла!"
Ша шена кӏайчу ездарех гӏабали тийгира йоӏа, тӏе дато бустамаш а тоьгуш. Нанас коьрта тилла кӏайн шипо а, цӏен кӏархаш а ийцира йоӏана бойнаш йоьхкинчу ахчанах. Тӏорказчу дӏадиллинчара схьаийцира Езирас шен маре йогӏуш хилла дато доьхка а. Базарахь керла эцначул а механа деза хуьлу массо а заманахь шен дайшкара, наношкара схьакхаьчна духар а, герз а, хаздерг а. Ишттачех дара Зазин нанас лардина, нускалан хенахь ша йолуш бен дихкина доцу, шен жималлин безам болу дато доьхка а.
Хан йиллина де тӏекхечира. Нускал кечдан гулбелира лулара а, гергара а мехкарий. Гӏийла узам а беш, йоьӏан еха ӏаьржа месаш шарйора царах цхьамма дечкан ахкарца. Мехкаршка ойланаш йойтура оцу дешнаш доцчу узамо. "Ненах яьлла марзо а йоцуш, дех яьлла синпаргӏато а йоцуш, лела дезар ду-те сан?" "Ваша воцу йиша - тӏам боцу олхазар", - аьлла-кх вайн дайша. "Ирс долуш ехар ю-те, ирс дайна лелар ю-те?", - бохуш, гӏийла ойланаш йора ден-ненан цхьаъ бен йоцчу Зазас.
Делахь ткъа, йоӏана гуш йоцу кхане ирс долуш хила язйинера вайн Дала. Керлачу цӏентӏехь юьззина хӏусамнана хилла дӏахӏоттар а, шарӏо ма-бохху хӏусамдена муьтӏахь хилар а, ийманехь, исламехь
доьзал кхетош-кхиор а, марзахошна а езаш, сий-пусар а долуш, ирсе яхар дара Зазина хьалха лаьттарг.
Кечдина, малхал хаза дӏахӏоттийра вайн нускал. Дех-ненах къаьсташ хиларна бӏаьргаш боьлхуш, шен везачу кӏанте йоьдуш хиларна, дог доьлуш, нахах эхь хетарна ийзалуш, гӏеххьачул йоьхна хьийзара Заза. Хьалха санна, шен ян ма-ӏаммара, шен хазалла гайта, куралла гайта кхеран керта еара Хандута. Уггаре а тоьлла ездарин коч а йоьхна, дашо кочарш а оьхкина, нускална берте а яхана, дӏахӏоьттира иза. Амма цхьаммо а ша тергал ца ярах цецъяьлла, араэкхха гӏерташ санна кийрара дог тохаделира цуьнан, дукха массарна а оьгӏаз яхарна. Юьртахой-м нускалан хазаллех цецбевлла, ӏадийча санна лаьттара. Заза даимна къахьоьгуш бен, цкъа а иштта кечъелла ца гинера царна. Цӏен беснеш лепара вайн йоьӏан, шена тӏехьоьжуш болчу юьртахойх ийзалуш, керла духар доьхна, маре яха кечъелла ша хиларна, эхь хеташ. Бӏаьргара хиш жовхӏарш санна эгара цуьнан беснеш тӏе. Кӏайчу говрашна тӏаьхьатесна нускал дига кечйина пайто а ялош, схьакхечира замой. Нускал арадаькхира. Хьалхаваьллачу гӏоьнче дӏаделира йоӏа шен кирхьа. Седарчийн моханашца яздина дара цу кирхьан тӏехь «Дала декъал йойла ненан хьоме йоӏ» аьлла. Нускал, куьг а лаьцна, кӏайчу пайточу хаийра. Карахь кирхьа а ловзош, пайтонна хьалхавелира цхьа хазчу, расхачу динахь волу бере.
"Кирхьа дадор" олу нохчаша зуда ялочу дийнахь хьалхавалар къовсарца говраш хахкарх. Толам баьккхинчунна совгӏат дар тӏедужуш хилла зуда ялочу кӏентан дена. Уггар кӏезганиг, дорахниг - ка балар а долуш, юккъераниг - детица, я дешица кхелина герз - шаьлта, я тур, я топ ялар а долуш, уггаре дезаниг, тоьлларг - говр ялар а долуш хилла цу совгӏатан барам. Нускалан ден цӏеран, ехна юьгуш елахь, я йоссийначу цӏеран, хан йиллина араяьлла, яхана хиллехь, ялочу кӏентан цӏа кхаччалц болчу новкъахула хохкуш хилла и говраш кегийчу наха, хьалха ваьл-ваьллачуьнга кирхьа кар-кара а луш, иза къевсина, дӏасаозийна, датӏийна, я охьадожийна, шайна тӏе эхь а ца доуьйтуш, я зударшца, берашца богӏучу замошна шайх новкъарло а ца еш.
Мархаш санна кӏайчу говрашкахь, махо санна чехка ядийна яьхьира дика йоӏ Заза керлачу хӏусаме, ирсечу дахаре. Нускал эцна боьлхучу замойн говраш, пайтонаш, хӏургонаш геннахь къайлаевлира. Хандута йисира шена хиллачун а, шен кураллин наха хадийначу механа ойланаш ян. Халкъан кица харц хила ца туьгура - "нанас хестийна йоӏ маре а ца яхана, дас хестийна говр хьалха а ца яьлла"!
Ма деза жовхӏарш ду вайн нохчийн гӏиллакхаш а, кицанаш а!
"Хазалла - сарралц, дикалла - валлалц."
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев