Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Иштта ду-кх, керстаналла деш долу дешнаш аьлча, стаг хила тарло-кх шега далилаш дlа ца кхаьчна бакъдерг довза, я дlакхаьчна, амма и далилаш бух боцуш лерина хила тарло-кх цо, я цу далилах ца кхетта хила тарло-кх иза, я цхьа цакхетамаш нисбелла хила тарло-кх цуьнан, Лекха волчу АллахIа шена бехказло лур йолуш».
[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 23/345-350]
-Кху къамелах вайна билгалдолу-кх, стагера ширк деш я керставеш дешнаш девлча а цунна мушрик ву я кафир ву аьлла хьукма дан сихвала бакъо цахилар, цу стага и муха аьлла билгалдаллалц, я мегаш доций ца хиъна хила тарло цунна, цу хьокъехь аят, хьадис ца гар бахьана долуш, я цу хьокъехь долу хьадис даIиф лерина хила тарло цо, я цхьа цакхетамаш нисбелла хила тарло, цу дерриге хьолехь цунна бехказло ю боху Ибн Таймиййата, цунна хьукма дан сихлур вац боху. https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев