Дала декъал дойша шу, керла шарца!!! #новости
Дегара-ненера пурба даккхар Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Дегара-ненера пурба даккхар важиб ду, нагахь фарз кифаят долчу жихIаде араволуш велахь. Амма фард Iайн долче араволуш велахь важиб дац (пурба даккхар)». [Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI, агIо: 233] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Зудчо закат хIусамдена далар Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Нагахь зуда хьал долуш, хIусамда къен велахь, шен даьхни тIера закат шен хIусамдена дала мегар ду, хIунда аьлча, шен хIусамдена напха латтор цунна тIехь доцу дера, амма хIусамдас дала мегар дац закат шен зудчунна». [Дарс: Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Массо а элчанаш АллахI цхьаъварца бахкийтина Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Массо а элчанаш АллахI цхьаъварца бахкийтина хиларх тешар, церан шарIаш тайп-тайпана хиллехь а». [Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 9] https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy
Сийлахь Къуръан Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Сийлахь Къуръан - Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду, Цо Шен Элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) доссийна, Iарбийн маттахь долуш, ша дешар Iибадат долуш, бакъ хиларехь шеко хила йиш йоцчу кепара схьакхаьчна долуш, тептарехь дIаяздина а долуш». [Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 8] -«Iарбийн маттахь долуш» аларо гойту - гочдиначух Къуръан алар нийса даций, мелхо, цунах «Къуръанан дина маьIна» олу
Цхьаъ къаста а вина такфир дар Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цхьаъ къаста а вина, цунна такфир дар, иза даима жоьжахатехь хир ву аьлла цунна тlехь хьукма дар, цу стагана такфир дан мега бехкамаш кхочуш хиллий, такфир дан ца магош йолу дуьхьалонаш дIаевллий хьаьжжина ду». [Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 28/500-501] -Хьужжат хIоттийна бен такфир деш цахилар билгалдолу Ибн Таймиййатан къамелах. https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Нахана хьукма дан сих ца валар Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Иштта ду-кх, керстаналла деш долу дешнаш аьлча, стаг хила тарло-кх шега далилаш дlа ца кхаьчна бакъдерг довза, я дlакхаьчна, амма и далилаш бух боцуш лерина хила тарло-кх цо, я цу далилах ца кхетта хила тарло-кх иза, я цхьа цакхетамаш нисбелла хила тарло-кх цуьнан, Лекха волчу АллахIа шена бехказло лур йолуш». [Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 23/345-350] -Кху къамелах вайна билгалдолу-кх, стагера ширк деш
Цхьаъ къаставина такфир дар Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Со царна билгалдеш вара, салафашкара а, (баккхийчу) имамашкара а вайна схьадеънарг, «иштта а, иштта а дош аьлларг керста ву» бохуш долу хIума, иза а ду нийса къамел, делахь а, и дош алар керстаналла ду аларна а, юха и дош аьлларг къаставина цунна кафир аларна а юккъехь башхалла юй хаа деза». [Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 3/230] -Цунах вайна билгалдолу, муьлхха жайнахь Iеламстага иштта хIума дар динах вокк
Show more
About group
Откликнитесь все кто с катаямы, кто учился в № 54 школе!?