- Эвлаяийн кешнашка эхар:
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Шайн тIеховшучу дийнаташна нуьйр ма тилла, кхаа маьждиге кхача Iалашонца а бен: ал-Масжид aл-Харам, элчанан маьждиге, ал-Масжид aл-Акса».
Ткъа эвлаяийн кешнашка эхар - нийса йолучу Iакъидатана дуьхьал догIуш хIума ду. Цул а сов, пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кошана тIе эхар а дац магош, хIунда аьлча воьдург Далла дукха везначу Мухьаммад пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) маьждиге ваха везаш ву, ткъа цуьнан кошана тIе воьду аьлла ваха везаш вац.
Сан лараме ваша! Билггал хьуна хууш хила деза: пайда бар а, зен дар а шен карахь дерг – Шен Жайнахь аьлла волу, цхьаъ бен воцу АллахI хилар: «Хьаште волучуьнан доIанна жоп луш верг мила ву, цо Цуьнга кхайкхича, зен дIадоккхург а, шух лаьтта тIехь халифаш (дай) бийриг а? Дела ву, ткъа, АллахI воцург? Дагахь ма кIеззиг латтабо-кха аша хьехам!» Сурат «ан-Намл», 62 а́йат.
Зен-пайдий шен карахь долуш вац я пайхамар а, я эвлаяъ а, и дерриге а Шен карахь дерг – Комаьрша а, Сийлахь-Веза а волу цхьа АллахI ву. https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Нет комментариев