Кхоьру со 1ожаллех,дуьненах санна..
Сан кхерам сов болу х1ора а денна...
Х1ун эцна г1ур ю те цу Далла герга?
Т1аьхь-т1аьхьа ас цуьнан ч1ог1а йо терго...
Гергарнаш г1ур бу д1а,со каш чохь юьтуш...
Г1ур юй те сайх ала хаза дош дуьтуш?
Хиллий те даггара Далла беш хастам?
Хала ду суна цу ойланех къастта...
Лелла те дуьненах со 1еха елла?
Я хила г1иртина дуьненан эла?
Куралла йоьссиний теша сан даг чу?
Х1ун эцна г1ур ю те цу шийла каш чу???
Комаьрша хиллий те?Хиллий те оьзда?
Ойланаш хиллий те динаца йоьзна?
Кхечуьнга во деъча ,1енадеш б1аьрхиш,
Лазамах дуьззина хиллий те б1аьргаш?
Биний те ден-ненан доггаха ларам?
Хиллий те къастадеш хьанал,я хьарам?
Буьйсанна ца юьжуш,1амал еш г1ийла,
Хила ца л