«Мовлид бутт» олий вайна юкъахь бевзуш бутт хиларна тӏебеънарг, тховсалера буьйса а Пайхамар (саллаллахӏу ӏалайхӏи ва саллам) дуьнен чу ваьлла буьйса аьлла евза буьйса а хиларна, цунах дерг довзуьйтуш яздина Шайх Доктар ӏабдур-Рахьман ӏабдул-Мажид Жумуӏахӏ «Мавридур-равиййу фи хьукмил-ихьтифали бил-мовлидин-набавий» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна ижазат хир ю.
Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.
Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.
Ижазат яккха дан дезарг:
Дерриге жайне эфирехь, я чудиллинчу озе ладогӀа деза.
Экзаменехь 50 сов балл яккха еза.
Дерриге жайне эфирехь, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо яц.
🕓 ЦIера хенаца 00:00 даьлча хир ду дарс.
🔔 Жайна дIадолор ду: 04.09.2025
Дарс кху хьостан чохь хир ду https://t.me/Darsash_Live
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Нет комментариев