Мел сийлахь йуьцу хьо сийлахьчу Къръан чохь,
Мел хаза куц хоттош хастай хьо Дала,
Ма хаза кхоьлли хьо ницкъ болчу Дала,
Яхалахь тхуна хьо тхан хьоме Нана.
Мел дукха хьадийсаш дийцина Элчано,📜
(صلى الله عليه وسلم )
Хьан дозалла ва дуьйцуш шен хазчу хьадийсехь,
Да вийца волале хьо кхузза хьахийна,
Мел хаза хастай хьо вай Дела Элчано.
(صلى الله عليه وسلم )
Хьо реза хилар ду Аллах1 реза хилар,
Хьо оьг1азг яхар ду Аллах1 оьг1азг вахар.
🌱
Тхо дуьнен чу а довлале тхоьх са тесир ахь НАНА,
Тхо кийрахь долушехь тхо дизира хьуна НАНА,
Тхо дуьнен чу а довла тхоьх хьайн б1аьрг кхетчи хенахь,
Ерриге халонаш йиц елар хьун НАНА,
Д1а дуьцарг ца кхеташ тхо кеги доллушехь,
Тхо к1орд ца деш кхиа дира ахь тхан хьоме НАНА.
Ялсамане хьа когашкахь ю аьлла дийцана,
Сийлахьчу Элчано ше ц1еначу хьадисехь,
Хьо рез йина доьзалла тхоьх бойла-кха Дала,
Ялсамане наь1матехь Дала вай гул дойла.
🌱
Ахь динчу до1ийна жоп луш ву Аллах1a,
Тхо Деле дехалахь тхан хьоме НАНА.
Сан хьоме нана, ма лела хьо тахна оллалой г1ийла,
Ма хила г1айг1ане, йоьлхуш ма лела,
Хьай корта айбай хила хьо даима,
И айба йиш йолуш ю хьуна хьо тахна,
И хилар билгало йийцина АЛЛАХ1А,
Шен хазачу хьадийсехь хьахина Элчано
Мел хаза, мел сийлахь, мел мерзиа йуьцу хьо.
Ирс долуш ма ду тхо хьо йолуш HAHA.
Хьан меха х1ума дац мах хадо и хотто,
Хьоьл сийлахь х1ума дац кху маьлха Дуьненчохь,
Цахилар хууш 1аш ду хьуна тхо тахна,
НАНА, тхан хьоме НАНА!
Хьоьл мерза х1ума дац марзаллехь чам баккха,
Хьоьл хаза х1ума дац хазалехь дуста,
Хьоьл дика х1ума дац шен дика дийца,
Мел хаза мел мерза мел дика юкха
Хьо тхан хьоме НАНА!
Аллах1 Дала тхо кегий долуш ахь тхоьх мабарра
Шен хаза къинхетам
бойла-кха хьоьх НАНА!
.Амин.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Комментарии 2