Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Вайн наха, гlан гина аьлча, жоп ло-кх: «Дала а, маликаша а диканиг дойла». Иштта ала мегаш дуй?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Иштта ала мегаш дац, маликийн керахь дац дика дар а я вон дар а, Дала шайга де аьлла омра динарг чекхдаккхар бен, церан керахь хlумма дац! Ткъа «Дала а, маликаша а диканиг дойла» аьлча, дерриге хlума Шен керахь долчу Аллахlна улле маликаш хlиттош нисло, церан керахь а цхьа хlума долуш санна, ткъа цунах Аллахlаца накъост лацар олу. Цундела шен асхьабех волчу цхьаммо «Аллахlна а, Пайхамарна а лаахь» аьлча, Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) жоп делла: «Со Делаца накъост ви ахь?!». Цо аьллачунна инкарло еш хаьттина цо! Цундела ишттачу дешнех лардала деза, «маликаша» ца олуш, «Дала диканна дойла» аьлла, дита деза.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев