Предыдущая публикация
беза мохь гехь токхуш санна,
со лела, со текха денна,
йист йоцчу геналле генна…
Сан хьал-де ахь хоттуш суна,
гехь текхо мохь байло хьуна,
хих ваьлла хlаваэхь санна,
садеlар сан толо хьуна.
Ган лиъча къовла сан беза
бlаьргаш сайн, хьан суьрте хьежа,
дуьненан серло ца оьшу
суна, цу, хьан суьрте хьоьжуш.
Баккъал а хьо ца го денош,
бlаьргаш а къевлина даха
лаара, дилха дог делош
сайн дахар хаздина ваха.
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев