Тому кто указал на благое деяние, полагается та же награда как и выполняющий его. (Муслим 3509)
Ухьудан гIазот
Дог тен туьгуш дацара Къурайшин, Бадрунехь шайна боккха эшам хиллачул тIаьхьа. Цундела уьш кечбала буьйлабелира шайн ницкъ а, герз а, божарий а вовшах тухуш бусулбанашкара чIир эцаран дуьхьа, шайн сий а, дош лелар а духадерзор Iалашо йолуш.
Цхьа шо бен ца делира Къурайшаша эзарнаш нах гулбан тайп-тайпанчу тайпанех, Мухьаммадаца а, цуьна асхьабашца а тIом бан кечлуш, Абу-Суфяна къепалха шайна мел яьлла са тIема гIулккхана шаьш охьайиллинчул тIаьхьа.
Мушрикийнех (АллахIаца накъост вечех) 3000 гергга тIемало дIаволавелира тешамечу Мадúнатана тIе, шайца тIамна мел оьшуш болу гIирс а, герз а долуш.
Iабдул-МуттIалиб воIана Ал-Iаббáсна, пайхамаран (IалайхIис-салам), девешийна, хиира шен вешин кIантана Къурайшаша даглаьцна кечдинарг. Оцу хенахь бусулба хилаза вара иза. Амма гергарлона зIено а, цунна пайхпмар (IалайхIис-салам), везаро а иза ца витира цунна тIе стаг ца хьажийча, цIеххьана цера меттах бовлар цунна хоуьйтуш.
Шен асхьабех дага а ваьлла элчано (IалайхIис-салам), элира: "Шуна бегIила а, нийса а хетахь Мадúната чохь совца, уьш шаьш биссинчохь Iадда а буьтуш (суна-м иза бегIийла хетара). Уьш (цигахь) бисахь, уггар вончу меттехь буьсу уьш. Уьш вайна тIебагIахь кху чохь бойур бу вай уьш"..
ТIаккха цхьаболчара Мадúнатахь меттигаш лаьцна дIакъовладалар хьахийра, кхечара Мадúнатара ара ца девлча цадовлар хьахийра, мушрикийнашна дуьхьал хIитта, бусулбанийн хьокъехь уьш заьIап а, кIилло а бу цаьрга ца алийта.
ТIаьхьарниг нийса хетарш олсам бара. Цул совнаха иза кегийчарна хетарг а дара. Элчано (IалайхIис-салам), дIакхайкхийра мушрикийнашца Мадúната архьа тIом бар сацам хилар.
Элчано (IалайхIис-салам), хьехам бира. Цу хьехамехь цо эскарна дагдаийтира собаре хила безаш хилар. Цо цаьрга элира: "Толам хир бу шуна, шу собаре мелду".
Ал-Авс цIе йолчу тайпанан байракх Хьудайран воIе Усайде елира цо. Ал-Хазраж бохучерниг Мунзиран воIе Хьубáбе, мухIáжирийн байракх Iумайран воIе МусIабе а луш.
Бусулбанийн эскаран, коьртехь элча (IалайхIис-салам), волуш, Ухьуд олучу ломехьа дIадоладелира. Бусулбанийн дукхалла эзар гергга дара. Ухьуде уьш кхаьчначу хенахь 700 бен ца виснера, новкъахь мунáфикъийн корта, Убайй воI IабдуллáхI, шен накъостех 300 эцна вухавирзинчул тIаьхьа. Элчана а (IалайхIис-салам), цуьна асхьабин а ойла хийца ца елира тIом бан безаран хьокъехь, IабдуллáхIа ша динарг динчул тIаьхьа. Муххале а, шайн Ухьуде бахар хада цадира цара.
Элчано (IалайхIис-салам), эскар низамехь дIахIоттийра. Цаьрга весет дира цо шайн баккъаш ломехьа бе аьлла, яххьаш Мадúнатехьа йолуш. Омра дира цо 50 стаг кхоссархошха лома тIе хIоттаварца, бусулбнийн эскарна тIийхьа, церан баккъаш цаьрга ларбайта. Цо цаьрга элира: "Тхуна тхан баккъаш ларде, тхо кхоьру уьш тхуна тIийхьахула тIебахкарна. Шайн меттехь Iелаш, цигара меттах ма довлалаш, оха уьш эшош шайна гичи а, цера эскарна тхо юкъа а дахана, хIетте а шайн меттигаш ма йита. Тхо дойуш шуна гичи а, тхуна гIо дан ма дуьйла, тхоьгахьа гIо а ма даккха. Деккъа шуна тIехь дерг, цера говрашна аша пхерчий тохар а, кхоссар а ду. Пхерчашна дуьхьал яхка ницкъ бац говрийн".
Ши эскар цхьана кхийтира, тIом а болабелира, бусулбанаш дIахьаьлхира керстанаш болчу агIор а, цера могIанаш юкъа а, чIогIачу иймано меттах баьхна, АллахIан динан новкъахь баларна кийча болуш а, тIебирзина а, диканиг а, ирс а шайна хилийта.. толам я гIазотехь балар..
ТIом чIагIбелира, юьхьанца толам бусулбанин агIор бара. Къурайши зударий вотанаш а, жиргIанаш а етташ бара, байташ йоьшуш:
Шу тIедерзахь, марадухкур ду,
Миндарш шуна даржор ду,
Я букъ тохахь, дIа къастир ду,
Цавезарг къастар санна.
Элчано (IалайхIис-салам), олуш дерг хIун хилла шуна хаа лаахь, ткъа иза хIара дара: "ХIай АллахI, хьан цIарца (хIокху тIам тIехь) хьийза а хьийза со, хьан цIарца тIе а лета со (мостагIашна), хьан дуьхьа лета а лета со (тIом бо ас), суна кхачам бийриг АллахI ву, дика Iалашвийриг ву Иза".
Абу-Дужáна олуш хилла:
Сан доттагIчо сайца барт бинарг ву со,
Тхо Сафахьехь хурманийн бешахь долуш,
Мел со ваьхчи а, тIаьхьарчу могIарашкахь со ца латтар,
АллахIан а, элчанан а ас тур деттачу хенахь.
Цунах цунна лууш дерг: хьалха бен ша цкъа хир вац бохург ду, АллахIан а, элчанан а тур детташ ша мел ву.
Абу-Дужáна тIеман майданхула дIаволало кура болар деш, шен цIен чалба коьртах а йоьхке. "Валаран чалба" олуш хилла цо цунах, дазалийца АллахIан а, элчанан а тур карахь а сецош, керстанин могIарш а доькъуш, царна юкъаоьхуш, тIаккха цера дегнаш чохь кхерам баржош, цера магIарш доькъуш. Царах, иштта, дуккха а ша байъалц.
КIеззиг хан бен ца йиснера бусулбанашна цигахь толам хила. Царах цхьаберш хIонсаш схьалахьо а, гулйа а буьйлабеллера. Элчано (IалайхIис-салам), бусулбанин букъ ларбар тIедиллина болчу нахана толаман билгалонаш гучуйуьйлуш гира. Шайн меттигаш йита буьйлира уьш, хIонсаш лахьоран дуьхьа. Элчано (IалайхIис-салам), шайга дина омра дицделира царна.
Валийдан воIа Хáлида хIара хилла аьтто пайдехьа хьовзийра. Иза мушрик волу хан яра иза. ЦIеххьана бусулбанашна тIийхьахула гучавелира иза а, цуьна эскар а. ТIаккха бусулбанин могIарш дуьйхира, кхерам боьссира цаьрга, массо агIор а мушрикийнаша царна го бинчул тIаьхьа. Цул тIаьхьа низамза кегари а, гIурт а, дIахIоьттира бусулбанин могIаршкахь, къаьсттина, элча (IалайхIис-салам), вийна аьлла бусулбанашна юкъахь даьржинчул тIаьхьа.
Дукха хан ялале бусулбанашна хиира элча (IалайхIис-салам), хIинца а дийна хилар, керстанийн гIор дойъуш, цаьрца жихIад деш. АллахIан элча (IалайхIис-салам), кIелхьар ваккха цхьаболу бусулбанаш дIахьаьлхира. Абу-Дужáнатана гира элча (IалайхIис-салам), мушрикийнин пхерчин кIайдарг хилла дIахIоттар. Цуьна цIенчу денгIана тIе охьатаьIира иза, иза ларвар дуьхьа, элчанна (IалайхIис-салам), жима чов йинчул тIаьхьа, цуьна хьаьж тIе а, балдий тIе а.
Элчано (IалайхIис-салам), шен омранаш дIаделира майданара дIадовларца а, лома тIе хьаладовларца а, бусулбанашха 70 шахIид хиллачул тIаьхьа, шейн коьртехь элчанан (IалайхIис-салам), де-ваша Хьамзат волуш, Iабдул-МуттIалибан воI, Вахьший цIе йолчу керстано вийна волу. Иза Абу-Суфяна зудчуьна ХIиндан лай вара. Цуьна гай ятIа а йина доIах схьадаьккхира цо. ТIаккха ХIинд шен цергашца иза Iовша гIоьртира цо, амма гIуллакх ца хилла дIакхоьссира.
Иштта, хIокху тIамехь баккхий эшамаш хилла бусулбанашна, кхоссархой галбовлар бахьан долуш а, шайн меттигаш йитина, элчана (IалайхIис-салам), омранна муьтIахь ца хилларна а. Цо шайга омра диншехьа метах ца довларца, хIуъу бахьана хIоттахь а.
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев