Ас дехам яз даг дон ахь ешаъ ешн хьо са хьолах кхетит яз йон ас ишт ех. Ваш Дал ялсманиц бекхам бойл хьун ахь мел лелочуьн,Дел доьхь дукхаъ вез хьо,иншаАллах1 цхьан дийнахь гур ву вайш аьл хет...............а йол тхай тарих йийцар хьо тхай чохь дол хьолах кхетит дийцин деран(наггахь даггар дийц даг дог1акх ишт хум,даг валаъ кхуз юхе кхи саг вац) Ишт хум дукх ваш, хьоьгар хьехар оьш ахь ч1ог1 дик хьекъалц хьикматц жоп ло дер , ахь дел а ши жоп ч1ог1 дагах кхитир сун,цундел язинер ас,ишт дех язор массо хум дийцар бахьан хьо сун Аллах1 доьхь дукх везар деран, цхьа юхер хетар деран,ишт хьо сан бол вежри цхьа тамшин ч1ог1 дукх безлокх сун юххер хетш ген белахь боьвзш бецахь, Дал вайн дел докх ни1мат дукх аз вай вовше ишт безар,Дал д1а ма эцийл вайгар а ни1мат. Къинт1ераъ вал ишт дах дарн ас...Юх аьтто бялчер цхьа хум ал ляар сун, шу 1акъидат ч1ог1 дик,нис хет сун вокх ве во со, оц боьх таханлер хавариджи 1акъидатах,оц муржиити 1акъидатах шу хьакх дел доцш,Дал нисач новкъ т1яхь ч1аг1 бойл шу ,Дал 1илмангехь сов бохил шу,Дал массо во хумнах лар бойл шу,Дал вай мохк мярш беккхин парг1ат беккхин шайн безчарн т1и хьа кхач бойл шу,Дал ялсманехь вай Пайхмарц саллаЛлах1у 1алайх1и васаллам цхьан тухил вай..хаттар ц1иъ къайл якхлахь
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Аллах1 г1о дойла хьан, Аллах1 реза а хуьлда хаз динчу до1ан.
Амма дас-нанас маж д1а яккха бохучунна хьокъехь вай фатва аьлла дехха язина ду хьуна кху сылканц, ахь дуьцу хьал а иштта дерг ду, кхузар деша цунах дерг https://vk.com/wall-23776385_95067 Аллах1 массо адам зуьш ма хиллара хетарехь хьо а вукх иштта зуьш, вай кхуз чохь дукхаз дуьцуш лаьтташ дукх х1ара дуьнен балане, сингаттаме, зеран хусам ю бохуш, т1аккха и зерш массера ше шен кепар нис ло, хьа вежаршна цхьан кепар нис делла, ткъа хьуна уггар хьайна уллер долчу, хьо шай дик к1ант ву бохуш цара хьаста а веш долу хьай дец-ненац нис делла, Ибрах1им Пайхамарна ма нис деллера уггар шен дукх дезачу х1уманца, доьзал ца хуьлуш дуккха шерашкахь хьежа хьежна, цул т1аьхьа Исма1ил олу доьзалхо велла Дала, т1аккха иза кхиа волч хена, уггар цунца Ибрах1ими самукъ дала доьлч хена Дала цунц зийр иза, х1инца урс хьакх хьай к1антан элар, амма Ибрах1има х1ара шена уггар дукх деза х1ума, ахь бохучулла х1ара хьалха даккха сан йиш яц аьллехь х1ун хир дар, кхи д1а ахь мел бохург дийр ду ас, амма кху т1ехь аьтто бац са аьллехь х1ун хир дар!? Дала лар дойла вай и санначух! цун дела хьо а иштта хьай дик юкъ меттиг йолчу дец-ненац зуьш ву Дала, и хаьа деза хьуна, т1аккха собарца чекх вала веза цу шинца цхьа во дош аьлла а цу шинна цатам ца беш, цу шиммо мел ч1ог1а х1уу хьоьга дийцарха хьо лар ло хьайгар во цхьа дош даларха, я во цу шинга д1а хьажарха, нагахь иштта лар ца лохь х1иццалца айхьа мел динарг дойъар ду ахь.
Амма иштта генар хьой дик к1ант вац, наггахь дец хьой ч1ог1а нис воцуш дов долу бохург дукх сиха, дукх ч1ог1а д1а даккха дезаш х1ума ду, оццула хьай вежаршца бала лайна долу, х1инца хьо цхьаъ бен вац бохуш оццула хьуна сагат деш долу, ахь ма диццара, оццула хьал долуш юха хьо а церца дик ца хилча, хьа церца дов долуш хилча, ахь царна цатам беш хилча, халхетар деш хилча ойла ца йо ахь цергахь х1ун хьал хила деза аьлла!? иштта х1ума хил дезаш дац, д1а даккха дезаш ду иза дукх сиха нагахь хьой Дела хьайна реза варан сагат деш хьой велахь, со кхета, суна дик хаьа дец-ненац цхьац х1уман т1ехь хало хуьли, къестина цара цхьа динехь мегш доцург де аьлла уьш т1е бирзича мел хал хуьла хаьа, и хьуна дерш нис делла, амма юха т1аккха собре хила везаш ву, ялсаман яккха г1ерташ велахь, къа ца хьоьгуш, къад ца луш, цхьа хало ца хуьлуш д1ас йокъуш ма яц ялсаман, хьой цу ялсамане хьай муьлхачу 1амало вуьгар ву ма ца хаьа хьуна, хьо хьай дец-ненац дик хиларо виг ма мега хьо цу ялсамане, Увайсул-Къарний олуш цхьа стаг хилла-кх Пайхамар замангахь, амма Пайхамарца вовшах кхетар ца нис делла цунна, амма им диллина хилла цо ша Пайхамарна т1е кхечна вацахь а, Пайхамар Умар Хатт1абе аьлла-кх иштта Увайсул-Къарни олуш цхьа стаг ву хьуна Шемахь, цунца хьай вовшах кхетар нис лохь цунга хьайна до1 дайталахь, ойла ехь Пайхамар хьенга бохуш ду иза! цкъа делахь Пайхамар д1а бевлча уггар безнах асхьабаш бу хьуна, шозлог1 делахь ялсаманц къаъ беккхина иттанах ву хьуна 1умар, кхозлог1 делахь виъ халифах цхьаъ ву хьуна, диозлог1 делахь шел т1аьхьар Пайхамар хир волуш хилча 1умар хир вар аьлла Пайхамар хьастинарг ву хьуна, иштта кхи д1а дукх уьш 1умар лецна дагар дан, оццула волу 1умар Хатт1абе боху-кх Пайхамар Увайсег хьайна до1 дайталахь, асхьаб воцуш волу Увайсе хьайна до1 дайта боху-кх, цул т1аьхьа 1умар х1ора шарахь хьаж ц1а нах бог1учу хена ара волуш, Шемар бохуш болчу нахан дуьхьал вуьлуш лар вокх Увайсул-Къарни вуй шуна юккъехь бохуш, цул т1аьхьа цхьан шарахь кара вой цунга шена до1 дойту, ткъа Пайхамар цунга хьайна до1 дайталахь аллал Увайс ваз варан бахьан х1ун дар аьлча, шен ненац ч1ог1а дик хилла-кх иза! дуккха хьадисаш карор дукх хьуна жих1аде вах лаар шена аьлла шена т1е веънарг Пайхамар хьай дец-ненац де жих1ад бохуш д1а хьежина, уьш дукх ду дийцан ца валлал, коьрта со ала г1ертарг, и хьай нис дан дезаш долу къезиг х1ума нис дан деза, наггахь хуьл бохург д1а даккха дезаш ду, хьо реза хир ма вац наггахь жоьжахат чу воьдуш ялсаманехь ваха, хьуна даиман ялсаман езар ю, цун дела даиман дик хила веза дец-ненац, наггахь х1ума а далита ца деза хьайгар, хетарехь кхулла хьалха ас язинарг ахь дешначух тер ду, хьан къамеле хьежча, цигахь ас дицир-кх хьо церца дик хуьлуш, церга хьой дик к1ант ву аьлла хьо хьаст войтуш хьо хилч хьана т1аккха уьш ахь де чунна реза хир бу бохуш, цун дела и хьай наггахь дерг нис де, ахь бохучунна т1е а уьш бог1ар бу хьуна жим жима, хьо болх беш, до1 деш хилча хьана, до1ан мало ма е цкъа а, я и т1аьхьа ма тетта, массо х1умналла до1 хьалха даккха даиман, Аллах1 ву муьлхха проблем решать ян ницкъ берг, вай керахь бахьнаш бен дац, адми дог ойла хийца йиш ерг а и ву, цун дела цунг деха деза, ас дехна аьлла юстах вала ца веза, я суна жоп ца хуьла баха ца деза, жоп хиллалц доьхуш хила веза.
Юха кхи цхьа х1ума ду хьан къамелехь ас ч1ог1а тидам бина, ахь боху хьой дик к1ант ву бохуш хьеста во цара, амма хьой оццула дик вац, хийла хьай бехк болуш дов дол дец, мел докх масала дукх и къамел жимма ойла е чунна! цу дени-нанни цхьа жим х1ума тоьъш дукх ойла ехь! хьай бехк болуш хийла дов долу бах ахь хьай церц, амма т1аккха а хьо шайц жим дик вар аьлла хьо дик к1ант ву бохуш хьеста валлал хьоьх баккхи беш бу уьш, цун дела хал дац да-нана 1ехо, делахь жимма собре хуьлуш, церца хаз чекх велч хьана, мел хал делахь а собре хила веза, докх хилча хила ца хилча мег дерг дуьйца, ола хир ду, амма юха т1аккха собре хила веза, нагахь ялсаман езаш вай делахь, докх хилча церца жим хало хила меган дера аьлла Дала Къуръан чохь и шиъ, я цу шиннах цхьаъ хьайца докх хилча, цершинга уффай ма олийла ахь, и ала т1е воккхуш х1ума цу шингар хьуна га там болан дер аьлла ду иза иштта.
Т1аккха деша вахар хьокъехь, и шиъ реза дацахь, х1инца и шиъ шеши дити деша ма г1о эр дар ас, цу шинна пурбанц хилчам, и шиъ шеши д1а лелаш хилчам ша дар иза, амма цу шимма ма г1о бахахь цкъачунна цу шинга хьожуш, и шиъ реза деш, цу шинна муьт1ахь волуш ван хьажа хьай Аллах1 реза хер дар ас хьоьга, шеши дисич хал хир ду цу шинна, къестина вукх хьан вежаршца а бала лайна хилча, амма хьайна цхьа аг1о бе бохуш юха до1 деш хила, дагахь доццучу аг1ора Дала д1анис до х1ума, цуннна къинхетамах дог ма дилла, цхьа аг1о нис яла тарло хьуна мич хена, делахь цкъачунна и нис яллалц али 1ад 1е, делахь иштта 1ад 1е бохург дац эран хан йойъуш д1а лела бохург дац сан иза, х1инца д1а йоьдуш йолу хьай хан цу деша вахаран кечамц д1а яхита, вай ц1ахь х1инца шортта меттигаш йолчух тер ду 1арбийн мотт 1амош, дикоче д1а х1отти хьана 1арбийн мотт 1ама бе, деша вахча кич хир ву хьо мотт 1амо ца безаш дарсаншка д1а лела кич хир ву хьо, т1аккха иштта жим жима Къуръан дола де дагахь 1амо, я т1ера тажвиданц нийса деша мукъна а 1ам де, шар де, тажвид 1амо а вай ц1ахь х1инца къел яц, и х1умнаш хьо кхуз схьа веъча а хьа хан д1а лоцур йолуш, дуьхьарлер шераш цу т1ехь д1а г1ур долуш х1умнаш ду уьш хьа, лаххара 2-3 д1а г1ур долуш х1умнаш ду уьш, ткъа уьш х1инца ахь дин чекх дехча, уьш хьа чекх довлшехь деша цхьана ваха а аьтто нис бала ма тарло хьан, нагахь ца нис лохь а кхин ю шортта аг1онаш, масала 1арбийн мотт хууш, цунах кхеташ хилча, 1елам нехан записаш ю шортта интарнет чохь, цхьац жайнешна шархьанш деш, т1аккха жайна лехна, цхьац записе ладухаш жайнеш доьшар ду ахь, 1арбийн мотт хууш хилча кхетар ву хьо цара дуьцучух г1ийла кхетахь а юхьенца, т1аккха цу айхьа ладуха запись ерг, я яхьа доьшу жайна дерг сих ца луш хилч хьана, цхьа раз ойланаш хьизина боцуш, 1елам нахер 1илма схьа эцначунца даг волуш хилча хьана, хьалхар муьлха деш жайна, я муьлхха 1елам стег записе ладоха, я ца кхетам болуш меттиг нис елча кхо иштта ма бах кхузахь луарг со нийса кхетни олуш д1а вахч хьана иншаАллах1 нийса новкъа г1ур ву, суна х1инца 1арбийн мотт хаьа, жайна деш ло, записах кхета аьлла хьой д1а вах г1ортахь гал вала герг ду, т1аккха иштта цхьа некъ д1а хьуш хьо велахь оьшачунна вайг дало накъосталла вай а дийр ду
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев