Ненаца чӀогӀа дика хила везаш ву хьо, и мел реза яцахь а хьо дика хил везаш ву, хьаста велла хила везаш ву, иштта цуьнца дик хилийта езаш ю ахь хьай зуда, и мел харцо юьцуш елахь а, цо хӀуъа бахахь, цо харцо юьцуш елахь хьай зуда кхето еза ахь кхеташ яцахь, цо хӀуъа алахь тӀе ма леца, делахь дуьхьала йист реза йоцуш дош ма далийта хьайгар али, цундела хьа нана баккъалла харцо юьцуш елахь, хьо баккъала цунца дика велахь, тӀаккха и реза йоцуш елахь хьуна къа хир дац, амма хьой вел дӀа валлалц цо мел харцо йицахь цо хӀуъ бахахь ахь хьай агӀо ларо езаш ю, хьа агӀо цунца дика хилар ду, и ларо дезаш ву хьо, тӀаккха хьо хьай зудчуьнца барт хилар цунга ла ца ло бохахь, юха суна ца девзу хьа хьал ма дарра, цундела нагахь хьой зудчуьнца хаз вист хилар, я цхьа берш санна дукх тӀехь тӀекаре велахь хьай нанна хьалха, и хила тарло цунга ца лалуш дерг, я харцо хила тарло, нагахь нийсо езаш ерг хьай агӀо елахь хьай агӀо нис е, яцахь собре хила, зуда кхета е.
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев