Бозбуунчарла лелочунна хьокъехь къовсам хилла Iелам неха (АллахIа къинхетам бойла церах), иза керста ву, я вац аьлла. (ХIара) жайна язинчунна (АллахIа къинхетам бойла цунах) къамелах схьа кхеташ дерг иза (бозбуунчарла лелош верг) керста хилар ду, Лекх волчо бохун дера: “Цу шиммо царна Iама ма ца дора (бозбуунчарла) церга аьлла бен, тхо шу зуьш ду шуна, керстаналла ма де”. [Сурат: ал-БакъарахI, аят: 102]
Иштта ду Имам Ахьмади (АллахIа къинхетам бойла цунах) мазхIаб а, Ма́лики а, Абу Хьани́фати а, дукх болчу Iелам наха аьлларг а ду иза.
Ткъа ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла, цхьаммо бозбуунчарла Iаминехь, цунга эра ду: схьа гайта хьай бозбуунчарла муха ду, нагахь цо гайтинарг керстаналла тIе вуьгуш хIума делахь, Ба́бил охIлуно лелош хилларг санна делахь, седарчишна герга вуьгуш долу, цара шайга дехнарг кхочуш до бохуш долу, тIаккха иза керста ву. Амма иза керстаналле вуьгуш дацахь, делахь и (бозбуунчарла) лело магош и велахь а керста ву иза, хьарам дерг цо хьанал дарна, ткъа иштта (и шиэ хьал) дацахь тIаккха-м керста вац иза.
[Ат-Тибян шархь Нава́къидил-Исла́м, агIо: 44]
-Цхьа болчу нахе ладоьхча Имам ШафиIий ву-кх керста хила везаш, Шайх Iари́фий фокусникца вар аьлла иза керста ву бохуш болу! Ткъа фокусникалла а боьха волчу бозбуунчарла лелош волчунга хьай бозбуунчарла схьа гайтал аьлла, цо лелочунга хьожур ву боху Имам ШафиIис, цунна хьукма далле хьалха! Ткъа фокуснико лелориг хIун ду хьаьжнер аьлла Шайх Iари́фий керста хила везаш велахь Имам ШафиIина ала дезаш хуьлу-кх вай керстаналла ду цо дуьцарг! https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев