Белхан низам иштта хир ду:
-Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.
-Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллар ду.
-ХIора дийнахь маса агIо еша еза билгалдийр ду, дукха хир яц еша езарг.
-Еша билгалъяьхначу агIонаш юкъахь кхета хала дерг кхетош, тIетоха дезарг тIеолуш, хилахь юкъахь нийса доцург нисдеш а билгалдийр ду.
-Жайна чекх мосазза долу экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю, экзамен хала хир яц, я дагахь Iамо дезаш хIуманаш а хир дац, цхьа наггахь ца хилахь, хIора дийнахь жайни тIера вай билгалбеш болу барам йоьшуш жайна чекхдаьккхиначуьнга хIоранга а ялалур йолуш хир ю.
-Деша билгалдина жайна хьалха дешна делахь а, вайца юха дешначуьнан бен бакъо яц экзамен яла.
-Еша чуйиллинарг еша тlаьхьависарх хIумма а дац, коьрта дерг - экзамен хилале жайна дешна чекхдаьккхичхьана.
-Экзамен 24 сахьтехь лаьттар ю, цу юкъахь шена луучу хена яла йиш йолуш.
-Кху канал чохь хир ду и гIуллакх
@adlanan_darsash
Болх дIаболор бу 01.01.2021
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1