Лиънера суна..
Зуда яло, тIаккха зуда ялира ас. Амма, бераш доцуш дахар сингаттаме ду-кха.
Лиира суна..
Сайн бераш хила, тIаккха бераш хилира сан. Амма, жимма хан яьлча квартиран пенош кIордира суна.
Лиира суна..
Сайн беш а йолуш цIа хила. Ткъа дуккха а къахьегначул тIаьхьа, беш а йолуш цIа хилира сан. Амма, бераш даккхий хиллера.
Лиира суна..
Царна зударий бало, тIаккха зударий балира цара. Амма, суна болх бан кIординера, белхан халонаш кIадвора со.
Лиира суна..
ЦIахь саца садаIархьама, тIаккха цIахь сецира со. Сой виссира со, дешна ваьллачу хенахь санна. Амма, со дешна ваьллачу хенахь со дахарна тIевоьдуш вара,ткъа хIинца дахарера дIавоьдуш ву со..
Амма, хIинца а лаамаш бу-кха сан..
Лиира суна..
Къуръан дагахь Iамо. Амма,сан эсо (память) тешна бехк би суна.
Лиира суна..
АллахIан дуьхьа марханаш кхаба. Амма, сан могушалло гIо ца до-кха суна.
Лиира суна..
Буьйсанна ламазаш дан. Амма, сан когашка лела ца ло-кха со.
Ма бакълина-кха Элча (صلى الله عليه و سلم) ша аьллачу хенахь: "Пхиннал хьалха пхиангара пайда эца:
Хьайн жималлера,хьайна къаналла тIеяле.
Хьайн могушаллера, хьайна цамгар тIеяле.
Хьайн хьолера, хьайна къелла тIеяле.
Хьайн мокъаллера, хьайна болх тIебале.
Хьайн дахарера, хьайна валар тIедале.
Я АллахI гIо де Ахь тхуна, Хьо хьахварна тIаьхь а, Хьайна шукур дарна тIаьхь а, Хьайна хаза Iибадат дарна тIаьхь а.
Хьан денойн программи тIехь дацахь:
Духьа ши ракаIат,
Къуръанах цхьа дакъа ,
Буьйсанна витр,
Дика дош алар,
Делан оьгIазло дIайойъу сагIа,
Даллий бен ца гуш къайлах Iамал,
Гергарло леладар,
ХIун чам бу тIаккха дахарех биссинарг?!
ХIай Дела! Оху йоьху Хьоьга ялсамане. Жоьжахатин цIарах лардар а.
АллахIора, АллахIа ца нисдинехьара нислур ма дацара вай.
Я сагIа а лур ма дацар. Я ламаз а дийра ма дацар.
Боссабехьа тхуна тIе синатем.
ЧIагIдехьа когаш Хьайна тIе тхо даьхкича,
баккъаш къиношца даз делла а долуш.
Хьуна Iибадат дина оха,Хьоьгара гIо а лехна оха.
Ялсамане тхан хIусам е Ахь.
Мухьммадаца (صلى الله عليه و سلم), цуьнан асхьабашца а гул а де Ахьа тхо.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев