Жоп: Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллохIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: "Дийнахь бIозза (100) “Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр” аьллачуьнна:
1- Итт лай маьрша витанч санна ял хир ю
2- 100 дика яз дийр ду
3- 100 вуо дIа а доккхар ду
4- Цу дийнахь суьйренга валлалц ШайтIанах лар вийра ву
5- (Къемат дийнахь) цуьнна санна йокх ял йолуш цхьаъ вохур вац, цуьлла дукха и аьлларги бен".
[Бухарий: 3293]
Оццул дозалла ду оцу дешин, ша Iуьйран сама ваьлча малх хьала балале, бIозза и дешнаш аьллачуьнна лакхахь хьахийна долу 5- хIума хир ду, царех ду суьйренга валлалц и ШайтIан вуонах лар вар а, ШайтIан вуонах ларор бохучо чу лоцу - бозчунчарлех ларор а, жинчу даларха ларор а иштта кхи долу цу ШайтIанера хуьлуш долу муьлхха вуо а.
Ахь Iуьйранна бIозза и дешнаш аьлча, цу дийнахь суьйренга валлалц ШайтIанера хьуна цхьа а вуо хила йиш яц, я цу дийнахь цхьаммо хьуна бозбунчарла леладахь цунах хьунна хIумма хила йиш яц, я цу дийнахь хьуна жинчу дала гIортахь иза чу дала йиш яц.
Иштта суьйренга ваьлча, малхбузал тIаьхьа меркаж хан хилале йолчу юкъан уьш алахь юха а и 5- хIума хуьл цуьн, юх Iуьйренга валлалца ШайтIан вуонах лар во из, я бозбунчарла леладарха лар во, я жинчу даларха лар во.
Нагахь вижан висан малх хьала балале ала ца кхиънехь ша сама ма веллан ала мегар ду, иштта мегар ду меркъажал тIаьхь ала, нагахь меркъаж хан хилале ала ца кхиънехь.
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев