Предыдущая публикация
Сан гуьйре - зезагийн г1а.
Ахь дуьне кхоьллина хаза,
Сан Дела! Йан х1ара ду г1ан.
1аламан нана еш гуьйре,
Ахь маьрза д1адиждо 1алам...
Г1аш эга - набаран туьйра,
Дог1анах елхаеш нана.
Иштта йу сан тийна ойла,
Иштта ду сан дуьне гар.
Сан тешам - сан маьрза ойла,
Хьан Кхоллам - сан деган тар.
Мел хьежарш ца кхачон безам,
1енаш ю кхолламан хан.
Дуьне ду: дита йан деза.
Тешар - сан денло г1ан.
Сан гуьйре - хьан б1аьргийн заза...
Сан гуьйре - зезагийн г1а.
Ахь дуьне кхоьллина хаза,
Сан Дела! Йан х1ара ду г1ан.
———
*Докаев Ваха Шалавдиевич *
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев