✅⏩Шайх Вахьидан⏪ куьйгаллица йолчу «Ӏакъидатан Академехь» долош керла дешархой схьаэцар ду.
⏺Дешаран йиъ курс ю, шина шаран ду дешар.
⏺Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу йиъ курсехь.
⏺Йиъ курс чекхъяьлча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.
⏺Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу хӀара цу кепара.
⏺Дешарна дӀа кхузахь вазло https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6 20-гӀа шаввал 1445 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 29.04.2024 кхаччалц.
Хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, курс чекх яьлла керла курс йолалуш бен.
😊😊😊😊😊😊😊 😊😊😊😊😊
✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.
✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
✔️Экзамен чекхъяла 50 сов бал яккха еза.
✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.
✅Дешаран денош:
👆Оршот-де.
👆Шинара-де.
👆Кхаара-де.
👆Еара-де.
📶Дарсан эфир: ЦIера хенаца 22:15 хир ю, амма эфирехь хаттаршна жоьпаш хир ду, доьшуш долчу жайни тӀера, я дарсехь ца кхеттачух.
Ткъа дарс: Хьалхара курсехь дина дарс хир ду ладогӀа дезаш.
❌Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.
✅Дарсан хан: 1-2 сахьт.
✅Академин дешар дӀадолалур ду: 29.04.2024.
✈️Академин хьоста https://t.me/Akidatan_Akademi
https://ok.ru/group/70000006232727
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев