Безамца ягар сай, сийлахьа хета, Дагчу д1аязьйина хьа еза ц1е! Даима хьо везаш, хьо дагчохь лелош, Доккху ас дахаран хьа массо де. Хьо сайна вовзарна, хастам бо Далла! Безамо тешина кху дуненчохь. Ца хеташ, балано лаьцна сай кира, Хьацарца бокху ас, мел боккху ког. Сан мерза ойланаш ю хьоца хьерчаш, Ирсе еш даима со дахарехь! Хьо болу сан безам, са ц1ийца боьлла, Со елчи а, хир бу иза даима дагчохь. Нагахь хьайн дахарехь новкьарло йинехь, Гечделахь суна, кьинхетам беш. Вуй те хьо дуьненчохь, сох хьоьгуш лелаш? Сан ц1енчу безаман тидам ца беш? Нагахь ахь ца хууш, вас еш дош аьллехь, Доьху ас, к1инт1ера валалахь хьо. Хьо болу сай безам, сай дагчохь лечкьош, Сийлахьчу безамца йогуш ю со.
сайн