Дог 1овжош йаг1ахь са 1ожалла кеста, чурт суна кеч делахь доттаг1 ахь айха, хьай куьйга даккхалахь доттаг1 са латта, вай дезаш хиларах дийцалахь мерза. Хьул делахь сан дакъа т1е тасси верта, генарчу новкъа со ваккхалахь оьзда, тиллалахь Нохчий куй къоьжачу коьрта, барамса ца вухуш лацалахь онда. Т1аьхьара б1аьрг тоха айъалахь верта, лахьтийчу виллалахь барт боккхуш оьзда, дагахь хьай къурдаш деш тассалахь латта, чурт нис деш куьг хьаккхи ц1ан делахь йоза!