"ВаллахIи шийла хи маларо сан къонахаллах жимма а хIума эшош хилча, иза довха долаш бен мер ма дацар аса" ©Имам аш ШафиIий.
  • Класс
Хьекъале сацам. Цхьана дийнахь МахIдийнатIи (Iаббасийн халиф) цхьа къонах веъна мача йохьаш,хIара АллахIан Элчанан(صلى الله عليه وسلم) мача ю,хьуна совгIатанна еъна аса хIара-аьлла цо. Ткъа МахIдийс иза мача схьаэцна,цу мачанна барт баьккхана,цу къонахчунна 10 эзар дирхIам делла. ТIаккха иза ара ваьлча аьлла МахIдийс:ВаллахIи хаа ма хаьа суна Элчанна хIара мача гина йоций,Цо хIара тIийоьхна хилар-м хьехор а дац вай,амма,вай цуьнгара мача схьа ца эцнехьара нахе дуьцаш лелар вара иза:Аса Элчанан мача яхьнера МахIдийна,иза къобал ца йира цо-бохаш. Ткъа наха иза бакъвер вара,нах иза санна болучаьрга тоьвжаш бу,гIийлачуьнан агIо лоцаш а бу чIогIачунна доьхьала,гIийланаг зуламхо валахь а,цундела
АллахIе вай лардар деха деза вай вайна жаIаран динехь берш а, жуьгтий а реза хир болу хIума вайгара даларх, хIунда аьлча, уьш вайна реза хилар Далла гергахь вай церан некъана тIаьхь даьрзина хилар ду. АллахIа боху: «Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ жаIаран динехь берш а‚ хьо церан динна тIаьхьа хIотталц». Дала лардойла вай уьш вайна реза хиларх! ©Шайх аш ШаIравий.
Вочу Iелам стеган фитнат Дажжалан фитнатал а доккха ду,хIунда аьлча Дажжала кхетам боцу нах бен тилор бац , амма вочу Iелам стага кхетам берг а, боцарг а тила во, Элчано аьлла صلى الله عليه وسلم : (Нах тилбеш болу имамаш Дажжалал а сайн умматан кхераме ма го суна). ©IабдулIазиз ат ТIарифий.
Мостаг1 махкара араваькххича тоьуш дац, адамаша шайн кийрара араваккха везаш ву иза. (Шайх Фатхьи رحمه الله)
Хьан лаам иза хьан цамгар ю, Хьайн лаам ахь эшабахь, Иза хьан дарба ду.
Бабек ал хуррамий ткъа шарахь сов Iаббасийн хилафатан доьхьла лаьттана стаг ву, дукха бусалба нах хIаллак бина,румхошца берта вахана дукха умматан зенаш дина, ал хуррамия олучу тобанах хилла ву иза,ткъа и тоба динчура араялла кериста тоба ю, церан кхетамах ду: Делан са паччахьан чудолаш хилар ; зударий а,даьхнеш а вай чуузаш долу хIаваъ санна , вай хьоьшаш долу некъаш санна юккъера (общий) хилар...... Ткъа и къонах Азербайджан махкахь воккха турпалхо ву,цуьнан цIарах хIолламаш (памятник)а, урумийн цIераш а ю. Цуьнан тарих ишколашкахь хьоьхаш ю,ткъа Iаббасийн халифаш дукха боьха буьйцаш бу...... Иштта болх бу Исламан тарихантIехь бусалба ду бохачу къомо беш,ткъа керистано деш дерг м дийца оьш
"Доьзалехь цхьаъ хилла а Къуръан дагахь хууш верг хилар - доьзал кхиаме хиларха ду". ■■■Олхазар
Показать ещё