• Шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Муслим» олу хьадис жайни тIера мархан хьокъехь дерг доьшуш дарс хир ду, ницкъ кхачаран барамехь, хIора дийнахь кху чохь https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам: -Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. -Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхlара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг довзарехь а пайда оьцур бу. -ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду. -Дийнахь 30-40 минотал дахлур да
Показать ещё