*Забвению не подлежит*
Идут года, уходят в даль
Тревоги, смуты и печаль.
День двадцать третий…вновь февраль…
Нам правду скажет календарь.
Уже восьмидесятый год
Дождями плачет небосвод.
По венам память гонит жар...
Про Хайбах дед мой рассказал.
Среди ущелий, бездн и скал
Тот день кошмарным адом стал,
Он мокрым снегом заметал
Дороги, тропы, перевал.
Нависло грузом над селом
Всё зло, пришедшее с врагом.
В аулах горных вой собак
Ни на минуту не смолкал.
В далёкий маленький аул
По тропам, крытым снегом, льдом,
Вели людей в последний путь.
В конюшне дали им приют.
Велели сена натаскать
Умерить, дабы, стужи хладь…
Над ней беды незримой тень
Кружилась в тот морозный день.
Средь ночи тьму, в недо
  • Класс
Хьайбахахь багийначийн назма тIапа куйнаш дайрий шуна гуо беш салтий байрий шуна Эхартахь бен хир дац баьхна Къийамат-де дайрий шуна шийла цхьамза гIортор йолуш цIийза дIаьндарг гIиллакх долуш некъан баккхал суьлхьа долуш къаной гулбеш байрий шуна когадахар лайлахь долуш меттан даар неIалт долуш тоьпан биргIа зизам долуш бераш гулдеш дайрий шуна доруш тоьгуш марчо доцуш доккхуш доькъуш сагIа доцуш охкуш кечдеш лахьта доцуш синош догуш дайрий шуна къа лерина маршо езар пхьа лерина Дела везар шира Нашха нохчийн безам цIергахь ягош яйрий шуна А. Бисултанов
01:53
VID-20230222-WA0585.mp4
362 просмотра
Дала декъала бойла Сибреха буьгуш новкъахь, цигахь белларш!
  • Класс
НАНА Дагана базбелча бала, Къахьделча дахаран тай, Хьоь кхойкху-орцаха яла, Ахь оьций и ло-кха бай. Кхолламо тохарца дера, Чов йина лазийча дог, Ахь хьостий и йоьрзу шера, Мо боцуш, ца юьсуш бог. Де эшна хьаьвзича готта, Дуьххьара хьо кхочу т1е. Г1о эшна холучу х1оттахь, Кховдайо дог дохден ц1е. Бух боцу йовхо ю хьоьца, Къинхетам, адамалла ю, До1ийна сайн куьйгаш лоьцуш, Деле ас йоьхург хьо ю. Йолчунна яхае Дела! Йоцчунна собар ло Дела! Даима ехийла Нана! Декъала хуьлийла Нана! Хьава Дашаева
Хьо тIаьхьависарна кхоьру… ПаргIатехь ахь дийца лоьрург, Шийлачу экъане дийцарна кхоьру… Ахь дуьхьал соьгара лоьхург, Тийналло хазорна кхоьру… Хьо тIаьхьависарна кхоьру… Ахь гена титтина къастар, ЦIеххьана кхачарна кхоьру… Лазамо даздина дахар, Хеназа хадарна кхоьру…. Хьо тIаьхьависарна кхоьру… Ахь чиллахь денйина бIаьсте, ГIурано лацарна кхоьру… Сан цIарах иллеш а кеста, Узаме дерзарна кхоьру… Хьо тIаьхьависарна кхоьру… Хьо тIаьхьависарна кхоьру… Петирова ПетIамат
Со мичахь хилла те бехке? Ас маца латийна къа? Суна ца йоьг1на те б1аьсте Даима ас лайча 1а? 1уьйренаш хьо йоцуш йог1у Суьйренаш синтеме яц Сан дахар г1айг1анца огу Безамо хьийзадеш дац. Хьан сибат йоьхь доьхьал лаьтта Массанхьа дека хьан аз Сел къиза ахь со д1а тетта Ас мичхьа йина те вас? Шийлачу 1анал ду шийла Хьан б1аьргех схьадийлу нур Б1аьстенах кхоьлли цо чилла Зазанах бина лай к1ур. Къинхетам бац те хьан кийра? Шога т1улг хилла те хьо? 1аламо хазйинчу арахь Г1орош ду сан лозу дог. Сан дахар хьашна д1а даккхарх Сан синан т1е биларх ког Со хьайна хийра ахь ваккхарх Хир дуй те ирсе хьан дог? Ислам Джамалдинов
Дависа хьан даг чу хьажа, Х1ун дагахь ву хаа хьо. Сил мерза йоь1а дог хьаста, Хьа, мичахь 1амийна хьо? Лаар-кха даге кхаъ баккха, Хьох тешна доккха садаккха. Алахьа, мегар дуй суна, Хьох тешна т1етовжа хьуна? Дог, лазахь йилхича нана, Наний бер къастийча наха. Доьху, сох къинхетам белахь, Ца езахь ма 1ехаелахь! Х1умма а дац набарал мерза, Хьан хабар цул ч1ог1а дезна. Лаар-кха хьан б1аьра хьежа, - Еза хьо,- цкъамукъне хезна. Бирлант Талхигова
Показать ещё