550061701321

🕋AHLU SUNNA🕌🌴

Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ца хууш нехан йоьӀан куьйгах куьг кхетча ламаз духий?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цхьаболчу Ӏеламнаха керара долу аьлла хийрачу зудчух кхетча, цхьаболчара ца долу аьлла - гӀоли дерг керара долуш цахилар ду. Амма ца хууш нехан йоӀах куьг кхетарх ларвала веза, ца хууш бохуш куьг кхетийта ца деза. Хьалха вайн Ӏадаташкахь стаг вуьйш хилла, ца хууш а нехан йоӀах куьг кхетча, тахана хетарехь и ца хууш бохуш дерг дукха эвхьаза даьлла моьттуш ву со, хьалха санна ца хууш куьг кхеттарг а вуьйш хилча тахана санна даьржина хир дацарий-м хаьа вайна и ца хууш бохуш дерг. ТӀаккха и йоӀах куьг кхетар Дала хьарам дина хилча кхин чӀогӀа лардала деза цу
Вайн Шайх а, Имам а волу Iабдул-Iази́з ибн IабдуллахI ибн Ба́за (АллахӀа къинхетам бойла цунах) олуш хезира суна: «АллахIан шарIаца доцуш, кхечуьнца хьукма динарг хIокху деаннах цхьана декъана юкъавахана:
1- «Ас хьукма кхуьнца до, хIунда аьлча бусалба динан шарIал а хIара гIоли долун дела», - цо бахахь, динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду цо динарг.
2- «Ас хьукма кхуьнца до, хӀунда аьлча бусалба динан шарI санна ду хIара а, кхуьнца а мегаш ду хьукма дан, шарIаца а мегаш ду», - цо бахахь, цо динарг динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду.
3- «Ас хьукма кхуьнца до, амма бусалба динан шарIаца дар гIоли-м ду, делахь а, АллахIа доссийна доцчуьнца а мегаш ду хьукма дан», - цо
Показать ещё