ШИРДИ

ШИРДИ
Sayfullah Chechenskiy
yesterday 20:29
📌Шайх Абу-Бакр ал-Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Лекха волчо масех аятехь хоттийна Шена Iибадат де бохучуьнца деца-ненаца дика хилар бохург. ХIунда аьлча Лекха волу АллахI ву иза кхоьллинарг а, цунна рицкъ луш верг а, тIаккха Иза тIех хьакъ ву Шена муьтIахь хила. Ткъа дех-ненах хIара схьаваьлла хиларе терра, иза жима волуш цушиммо кхиийна хиларе терра, Лекха волчу АллахIал тIаьхьа иза декхарийлахь верг да-нана ду». [Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/313] https://vk.com/yalsaman
📌Шайх Абу-Бакр ал-Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ширк кхаа декъе ду: Лекха волчу, Iаламийн да волчу АллахIан делаллехь ширк дар; Лекха волчун цIершкахь ширк дар; Лекха волчунна Iибадат дарехь ширк дар. Оцу ширкан и кхоэ дакъа а цIеначу даггара тоба дича бен геч ца деш долу къа ду. Ткъа Iибадатехь деш долчу ширках ду - рияъ». [Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/313] https://vk.com/yalsaman
📌Шайх Алба́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «РукуIера хьалавеъча бисмалехь волуш санна ши куьг дIалацар бидIат хиларехь сан шеко яц!». [Сифату сала́тин-набий, агIо: 121] https://vk.com/yalsaman
📌Шайх Хьа́зим Шу́ма́на (АллахI Iалашвойла иза) боху: «ЧIогIа даккхий дешнаш аьлла-кх Хьасан Басрис: «АллахIа лаьттан охIланах бала дIа ма ойбу Iилма Iамо арабевлла нах хилар бахьана долуш»... Кху умматан жовхIар ма ду Iилма Iамор, кху умматан уггар мехала хIума ма ду Iилма Iамор». [Дарс: 01.02.2019ш] https://vk.com/yalsaman
Show more
About group
В основу ширди, вероятно легло вайн. ширдолг - праща для метания каменных ядер. Если так, то ширди воины вооруженные пращами.
Administrator: