АРГУН

АРГУН

More, g. Argun (Chechenskaya Respublika), Russia
lеламстаг санна ма лела интернет чохь Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Хьо Iеламстаг волуш санна ма хилла интернет чохь нахаца къамел деш, «хIара де, хIара ма де» бохуш, омранаш деш, мелхо а, хьо хила хьехамча санна, нахе хаза дуьйцуш, цара тIеоьцур долчу кепара». [Дарс: 24.03.2020ш] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Rab Allakha
yesterday 19:25
Хаттар: Божарийн а, зудрийн а IатIарш дохка мегар дуй? Жоп: Хьарам некъахь а, хьанал некъахь а лело тарлуш йолу хIума йохка мегар ду, масала: IатIар зудчунна шен хIусамехь лело мегаш ду, арайолуш лело мегаш дац. Иштта ерг йохка мегар ду, и лело ца мегачехь лелийча къа и лелочунна хир ду, юхкучунна хир дац. Амма хьарам некъахь бен лелош йоций билггал хууш йолу хIума йохка мегар дац, масала: шен хIусамехь кечлуш лело а, арайолуш лело а тарлуш долу доца духар дохка мегар ду, амма билггал арайолу
Rab Allakha
yesterday 11:17
Дегара-ненера пурба даккхар Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Дегара-ненера пурба даккхар важиб ду, нагахь фарз кифаят долчу жихIаде араволуш велахь. Амма фард Iайн долче араволуш велахь важиб дац (пурба даккхар)». [Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI, агIо: 233] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Хьижаб Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Хьижаб шина кепара ю, цушиннах уггаре гIоли ерг - пенашна юккъехь (чуьра ара ца йолуш) дIакъовлаялар, цул тIаьхьа бедаршна юккъе дIакъовлаялар». [Дарс: Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Зудчо закат хIусамдена далар Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Нагахь зуда хьал долуш, хIусамда къен велахь, шен даьхни тIера закат шен хIусамдена дала мегар ду, хIунда аьлча, шен хIусамдена напха латтор цунна тIехь доцу дера, амма хIусамдас дала мегар дац закат шен зудчунна». [Дарс: Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Хаттар: Компьютерх ловзаран чоь схьаелла мегар дуй? Жоп: Мегар ду, нагахь мегаш доцург цу чохь хуьлуьйтур дацахь, масала: эшарш а, зударийн суьрташ долу ловзарш а, юкъа хIума юьллуш, я тоьллачунна ахча дIалуш ловзуьйтур а бацахь, ламазан хенахь сацош а хир далахь, иштта кхидолу а мегаш доцург хуьлуьйтур дацахь мегар ду. [Жоп делларг: Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лий. 25.02.2018ш] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Хаттар: Къаьркъа (спирт) нажас дуй? Жоп: Дукхахболчу Iеламнаха нажас ду аьлла, Имам ибн Хьазма а, Шайх Iусаймина а, Шайх Алба́нис а нажас дац аьлла, шина агIонан далилаш чIогIа а ду. Хаттар: Ахь муьлхург лору гIоли? Жоп: Нажас дац аьллачеран далил мелла а чIогIох хета. [Жоьпаш делларг: Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лий. 25.02.2018ш] https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
Show more
About group
Группа создана для тех кто проживает или когда-либо проживал в г.Аргун.
Phone number:
88712222220
Address:
Ул.Центральная №1